ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинерчу Iедало лаьцна Донбассехь шегахьа тIом бина дагестанхо


Житомир гIалахь Украинерчу леринчу ницкъийн «Корд» тобано лаьцна шайн пачхьалкхехьа Донбассехь тIом бина дагестанхо Руслан О. . Оцу хьокъехь «Кавказ.Реалиига» хаамбина цуьнан адвоката Норов Глеба.

Оьрсийчоьнан Талламан комитето Интерполехула лаца кхайкхорца доьзна дIаяьхьна и операци, элира Норовс.

Адвокато бахарехь, Оьрсийчоьно ша иза дIавехар дузу шен цхьана гIалахь массех шо хьалха динчу зуламца.

«ТIехьерчош болу бехк бух боцуш го, Руслан пхи ш оду Украинехь веха. Цуьнан цIе Оьрсийчоьно яха йолийна, цо Донбассехь тIом барх лаьцна журналисташа дийца даьккхинчул тIаьхьа», - билгалдаьккхира Норво Глеба.

Житомирерчу кхело луьстуш ду лаьцнарг кхидIа а изоляторехь кхабарх долу гIуллакх. «Интерполехула» лаьцнарг Украинан кхело 40 денна бен ца магадо маршонах ваккха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG