ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Госдумо магийна махкахойх "иноагенташ" бан


 Ёлкин Сергейн сурт
Ёлкин Сергейн сурт

КхоалгIа дешарехь тIеэцначу низаман проектан критикаш саготта бу иза дуьхьалдаккха мега могIарерчу бахархошна а, зорбанан гIирсашна а бохуш.

Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думо (Госдума) тIеэцна муьлхха а вахархо "кхечу пачхьалкхан агент" лара бакъо луш долчу низаман проект, хаам бина зорбанан гIирсаша еарин дийнахь, Лахьанан-беттан 21-хь, яздо "Iамеркан аз" портало.

Дукхахболчу депутаташа гIортор йина цунна, шен лаам ца гойтуш юхаваьлла 4 стаг а бен воцуш.

И документ дукха сиха тIеэцна а, цунна гIортор Думерчу массо а фракцино йина а хиларо гойту иза лаккхарчу Iедалан куьйгалхоша чукховдийна хилар, аьлла хета эксперташна. Думехь дуккха а низамийн проекташ ю, цхьаммо а тергал а ца еш, тIе чан йиллина шерашкахь Iохкуш.

Европан Кхеташонан адамийн бакъонашкахула йолчу комиссаро Миятович Дуньяс, кхайкхам бинера Госдуме, и дастамъяьлла низаман проект тIе ма эцахьара аьлла, иза депутаташа дахь цо рогIера ладаме тохар дийр ду Оьрсийчохь зорбанан гIирсашна а, адамийн информацина тIекхача а, иза яржо а болчу аьттонашна а аьлла. Цу тайпа хьал догIуш дац дуьненаюкъарчу а, Европерчу а адамийн бакъонашца йоьзначу кепашца, билгалдаьккхира комиссаро.

"Левада-центро" дукха хан йоццуш бинчу талламо гайтарехь, тIаьхьарчу шина шарахь 34% тIера 58% кхаччалц алсамдаьлла дешан маьршо хилар вуно мехала хетачу Оьрсийчуьрчу бахархойн терахь.

Журналисташ а, политикан говзанчаш а хилла ца Iаш цу документана тIе тидам бахана экономистийн а. Иштта, Мосвкарчу Карнеги центран эксперто, финансисто Мовчан Андрейс билгалдаьккхина низамашдахархой "акха а, инзаре а кхеташ цахилар шаьш кечдинчу документах".

"Ткъа уьш шаьш а ма кхета, даим шаьш деш ма хиллара, демократина дуьхьал хьовха, могIарера халтура шаьш йина хиларх, амма уьш кIелхьарбовла гIертар кхин а лартӀахь доцуш ду, 'цунах нийса пайда оьцур бу' бохуш. Вуьшта аьлча, низам пайда боцу хIума ю, цундела сихха хоуьйту оха иза дохор хиларх лаьцна, оьшшучу хенахь бен цунах пайда а ца оьцуш", - яздина Мовчана "Эхо Москвы" радиостанцин блогехь.

Шен рогIехь, экономикан министр хиллачу Нечаев Андрейс аьлла и документ цхьа гIурт бу. Цо дийцарехь, "хIинца Iедалшна ца беза зорбанан гIирсаш а, жигаралла гойту могIарера бахархой а, гIуданаш а детташ, дакъазабаха мегаш бу дIасовцийта я махкахбовлийта".

НКО олу коммерцица йоьзна йоцчу иноагенташца цхьаьна хIинца гучубовлуш бу зорбан гIирсаш-иноагенташ а, адамаш-иноагенташ а. Агенташ хир бу кхечу пачхьалкхера ахча луш болу зорбанан гIирсаш. Уьш тайп-тайпана BBC а, Deutschе Welle а хилла ца Iан. Оцу категорех дIатухур ду, масала, Ходорковскийн "МБХ-медиа" канал а, и саннарш а", - яздо цо Facebook-хь.

Цу зорбан гIирсашна материалаш язйеш болу журналистех хила мега юкъаралло тӀе ца оьцу нах, репрессийн а, санкцийн а объекташ, боху Нечаев Андрейс.

"Iамеркан аз" дехарца комментари йинчу тележурналисто Сванидзе Николайс халахетарца билгалдаьккхира и низам вочу Iалашонна хьажийна хилар. Цунна хетарехь, низамах пайда эца мегаш а бу, оьцур а бу Iедалшна ца товн нахана а, зорбан гIирсашна а дуьхьал.

"Доцца аьлча, муьлхха а шена хетарг гойтуш волу журналист а, блогер а, Оьрсийчоьнан Федерацин махкахо а вуно эгIазчу хьоле хIоттош ву цу низамца. Царна мичча хенахь а тIелато аьтто хир бу луъург. Дерриг дина багош дIачIагIа массерна а, каравеанчун", - боху Сванидзес.

Сванидзес ша ца теша боху цу низаман авторша цу документах ларлуш пайда оьцур бу бохучух. Изза дийцира коммерцица йоьзна йоцу вовшахтохараллаш кхечу пачхьалкхийн агенташ ярх лаьцна низам тIеоьцуш а. Стенна кхоьру шу, шу хьал хийцалур ма дац, бохуш лебира бакъонашларъярхой Iедалан адвокаташа", - элира Оьрсийчоьнан президенто кхоьллинчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташонан декъашхочо Сванидзес.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG