ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказерчу блок-постех лаьцна дош аьлла Медведевс


Премьер-министра Медведев Дмитрийс Къилбаседа Кавказехь лаьтта блок-посташ хьахор ю ша, аьлла, регион кхиорна лерина хIуттуш хуьлучу рогIерчу кхеташонехь. Оцу хьокъехь цуьнан къамел хилла Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца шоьтадийнахь.

Къилбаседа Кавказера блок-посташ дIаяха еза Кадыровс боху ю дуккха а хан.

"Къилбаседа Кавказан некъаш тIехь лаьтта кеп-кепара блок-посташ, дукха хан ю оьшуш йоцу, низамехь бехачу наханна хьаштйоцу дуьхьалонаш ю уьш, новкъарло йо цара маьршша кир дIасалело а, регионан имидж йохайо арара тIевеанчун бIаьргаш чохь а», - яздина Кадыровс Telegram-ехь Медведевца къамел хиллачул тIаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG