ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьрчу «Э» центрехь нах хьийзийна Безносюк Андрей хенал хьалха аравалийтина набахтера


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Стохка аьхка ГIалгIайчуьрчу Экстремизмна дуьхьаллаьттачу центран 7 белхохочунна, уьш белхашкара мукъабаьхначул тIаьхьа, хенаш йиттира кхело, цара шаьш лоьцучу бахархошна гIелонаш ярна, талораш дарна, харц документаш кечдарна, цхьа стаг верна.

Полковникан даржах а воккхуш, 6 шарна набахте хьажийра хIетахь царех цхьаъ - Безносюк Андрей. Амма иза, цхьа шо ах шо а даккхале набахтера дIахецна Киров-махкарчу Кирово-Чепецк кIоштан кхело кху беттан юьххьехь –чохь яккхаза юьсу хан «маршо лагIъяр» олучу кепе а ерзош. Иштта хаам баржийна, дуьненаюкъарчу бакъоларъярхойн "Агора" юкъараллерчу адвокатан Сабинин Андрейн дешнашна тIе а тевжаш, "Медиазоно".

"Иза деккъа дIа, маршо лагI а йина вохуьйтуш ву шен цIа, Ставрополе. Набахти а, прокурор а резахилла, уьш тешна иза кхетаме веана ваьлла хиларх, хIуманаш тега а Iаьмна цунна. Шо-ши шо даьлча массо а гIалгIайн «Э» центреранаш хир бу маьрша», - яздина адвоката шоьтадийнахь.

Кирово-Чепецк кIоштан кхело къастийначу «маршо лагIъяран» кепаца а догIуш, Безносюк ваха декхаре ву Ставрополехь, баттахь шозза полицерчу тергамхошна тIе а лелаш.

Итт бутт хьалха лаьцна латточуьра дIахийцира ГIалгIайчуьрчу «Э» центрехь нах хьийзорна набахтехь такха кхо шо хан тоьхна волу Соьлжан кIоштан полицин куьйгалхо Iийна Беков Мохьмад а. Иза мукъавалийтира кхело, цомгуш ву аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG