ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«АллахIа ша во иза харц». Шайх Iабдурахьман Димашкъийаc – Нохчийчоьнан муфтига


Нохчийчоьнан муфти Межиев Салахь а, Британера имам, шайх Димашкъийа Iабдурахьман а
Нохчийчоьнан муфти Межиев Салахь а, Британера имам, шайх Димашкъийа Iабдурахьман а

Британерчу имама Абдуррахман Димашкъийас «дин харцхьадаккхарна» бехкебина Нохчийчоьнан куьйгалхой. Цара шайн доIанашкахь беллачаьрга кхойкху, теша 150 шо хьалха велла Киши Кунта-Хьаьжа дийна а ву, дин даржош дуьнентIехула ваьлла а лела бохучух, цу тIе шаьш « Дела цхьаъ во» бохуш а лела, аьлла шайха.

"Хьан динлелор харцхьа ду. Хьо теша Кунта-Хьаьжа, Батта тIе а хиина, нах тергал а беш, уьш АллахIна гонах боьхуш хьийза бохучух. Хьанна хаьа, кхана иза Марс тIе дехьаволий а», - аьшнашбо Нохчийчоьнан муфтин Межиев Салахьан кхетам дIадахначу кхаарийдийнахь даржийначу видео-къамелехь Димашкъийас.

Межиевн кхетам богIуш бац Исламан орамца, «АллахIа ша во иза харц», боху имама. «Ша АллахIа ма боху: АллахI воцчуьнга, цхьаьнгге а ма кхайкхалаш. Ткъа хьаоьгара динан кхетам бу беллачаьрга кхайкха а магош».

Пайхамара Мухьаммада ца хьехна шел тIаьхьа богIучарна хан хьалха дIакхелхинчу безачу нахе кхайкха, АллахIе шайна хьалхара гIо деха олуш хилла бусалбанаша Пайхамаре а, цуьнан асхьабашка а, уьш дийна болуш, царна тIе а кхочий – ца халла геннара дIа доьхуш, уьш ган а гой, цаьрга шайгга олуш хилла, билгалдоккху Димашкъийас.

«Ткъа аш кхойкху кошахь бохкучаьрга. Беллачарний, дийначарний юкъахь Bluetooth- зIе йолуш санна", - тIетуху шайха.

Шен къамелехь Британерчу имамо емалйо Нохчийчуьрчу Iедало нахаца латтош йолу юкъаметтиг. Оцу Iедале боху Димашкъийас: «Ахь туьрца, цIарца «дарба до» хьайн халкъанна. Адамаш даима а деха кхерамна кIел, Iуьйрана а, суьйрана а. Ма хила Къаддафи [Либера лидер] санна, цо а олура, воьлуш, ша веза шен халкъанна, ткъа цул тIаьхьа хилира цунна шех хилларг (Къаддафи МуIаммар шен махкахоша къиза вийра, лаца а лаьцна - ред)».

Димашкъийас тIетаIIош билгал доккху, Iилма ду герзал деза, боху: «Нагахь санна шуна шаьш цигахь ницкъ а болуш, коммунистийн гIоьнца (Оьрсийчоьнца бохур ду иза шайхан – ред) дIатарделла девлла моттахь, шу галдевлла!»

Дуьххьара вистхуьлуш вац Димашкъийа муфтига Межиевга. Хьалхара шен видео-къамел цо цуьнга дира бутт гергга хьалха, Нохчийчоьнан куьйгалхочун хьехамчин Шахидов Адаманний, СаIудийн Iаьрбийн муфти лаьттинчу шайхан тIаьхьенах волчу ибн Баз Салехьанний къовсам иккхича. Ший а Iаьрби Iораяккха гIерта Нохчийчоьнан куьйгалло чIагIдечу «ламастийн» Исламан кеп.

Димашкъийас шега ша емалвеш волчу Iабдул-ВаххIабан жайнешкахь хIун гIалаташ ду схьагайта, аьлла, бинчу кхайкхамна дуьхьал рогIехь, ша даима а беш ма хиллара, емалбира «ваххабисташ» (18-чу бIешерачохь ваьхна, дуккха а дин хьоьху жайнеш яздина Iеламча ву Мухьаммад ибн Iабдул-ВаххIаб).

Межиевн оцу къамелан хьокъехь ю Димашкъийас шолгIа арахецна видео.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG