ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Доьзалехь ницкъбарна дуьхьал низам тIеэца реза бац Нохчийчоьнан Iедалхой


Доьзалехь Iазап латторах юкъаяккха хьийзочу низаман проектна дуьхьалбевлла Нохчийчохь дIаяьхьначу горгачу стоьлехь Къибласеда Кавказан векалш. Дакъалаьцна гуламехь Нохчийчоьнан а, Дагестанан а, Кхарачойн-Чергазийчоьнан а, Ставрополан а, Оьрсийчоьнан кхийолчу регионашкарчу а юкъаралхоша. Ишта цхьанакхетарехь хилла Москвара а, Санкт-Петербургера а дайн-нанойн организацеш а, кхечу пачхалкхашкара эксперташ а. Царна хетарехь, доьзалехь ницкъбарх низаман проект Оьрсийчохь лелачу ламасташна а, барамашна а дуьхьал хилла ца Iаш, цо кхерамечу хьоле берзабо доьзал, оцу бахьанашца, Iедална реза хир бац бахархой, цо кхиор ю экстремизм а, адамашлахь радикалан хьежамаш а.

Дахначу кIирандийнахь Петербургехь митинг хIоттийнера низамна дуьхьал болчара. Гулбеллачара дIахьедира, инициатива хьалхатоьттурш Малхбузе а, феминистийн организацеш а, гейш а бу, доьзалан мехаллаш йохо Iалашо йолуш аьлла. "Катюша" патриотикан проектан коьртачу редакторо Цыганов Андрейс дIахьедира, ша дукха хан йоццуш Нохчийчохь хиллера, кечъечу низаман проекто синтем байинера церан. Къилбаседа Кавказан республикашкахь протестхой акцеш юьйлаяла куц ду аьлла, билгалдаьккхира Цыгановс.

Пачхьалкхан Думан депутаташ хийцамаш бан дагахь бу доьзалехь ницкъбарх долчу низамехь. Низаман проектехь билгалдаьхна тIедилларш ца лардинчунна таIзар дар чIагIдар хьехна депутаташа. Царна хетарехь, дуьххьара низам дохийначунна административан жоьпалла дуьхьалдаккха деза, ткъа шолгIа низамна тIехвалахь - бехкзуламан гIуллакх дуьхьал даккха догIу.

Депутатийн хийцамаша доьхкуш ду ишта, доьзалехь ницкъбарна тIехь терго латточу юкъаралхойн организацешна, полицига дIахьедар дан, нагахь шена тIехь ницкъбинчо пурба ца лахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG