ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ООН-ан машенна Кабулехь динчу тIелатарехь цхьаъ вийна, пхиъ лазийна


ОвхIанистанерчу Кабулехь дахначу кIирандийнахь ООН-ан машенна динчу тIелатарехь вийна кхечу пачхьалкхан вахархо. ОвхIанистанан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-секретаро Рахьими Насрата бинчу хаамца, чевнаш йина кхин а пхеанна, ву царлахь ши овхIанхо а. Рахьимис дийцарца, гIалин жигарчу урамехь, 9-чу полицин декъан территори тIехь дина ду зулам.

Цкъачунна жоьпалла цхьана а организацино шена тIелаьцна дац, хьалхо дина теракташ Кабулехь жигара хьийзачу "ТIалибан" боламо а, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхоша а тIелоцуш дара.

Ишта Дайкунди провинцерчу Каджран кIоштахь лахара а 8 тIемало вийна тIалибаша тIелатарш дарца, хаамбина провинцин губернаторо Рахьмати Анвара. Дуккха а сахьташкахь дIадаьхьначу тасадаларшкахь кхин а виъ эскархо лазийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG