ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Нохчийчохь балха а вахна, саца дагахь хилла" Азамат Канадехь ву (+видео)


Нохчийчохь "цхьана дас куьг Iоьттина, хьийзийна воцу, даймахкара дIаваха дагахь а хилла воцу, балха а хIоьттина, цIахь Iийр ву» ша баьхна Ибрагимов Азамат могуш-маьрша Канаде дIакхаьчна аьлла, хаамбина "Кавказ.Реалиига" цуьнан доьзалан доттагIаша.

Ши кIира хьалха, Канадера даймахка ваххарх, Соьлж-ГIалахь вайна хилла Ибрагимов Азамат «схьакарийра» «Грозный» телеканалан директоран, мехкан куьйгалхочун гIоьнчан Дудаев Ахьмадан белхан чоьнашкахь аьлла, хааме даьккхира Маршо Радионо. Ибрагимов шеца Iаш видео яржийра Дудаевс пIераскана – «Маршо Радионо», и стаг вайна аьлла, орца кхайкхийначу шолгIачу дийнахь.

Карладоккху, шен ненаца Канадера кхечира иза Соьлж-ГIала. Кху беттан 8-чохь вигира Iедалхоша шаьш тIедиссинчу гергарчу нехан цIера. Иза вайна лоьхуш хьийзара гергарнаш, мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан гонийн Instagram-ерчу "eldit_net" паблико, вайна кIира даьлча, гайтира Азамат гIали юккъехула видео-селфи йоккхуш воьдуш.

Оцу видео чохь Европерчу нохчашка, Австрехь вехачу шен дега а тIехь, Кадыровн Iедална дуьхьал митингаш еш ма лела шаьш дехачохь, бохура цо. Иза хIинца шайна тIекхочур ву, аьлла хеттера, лоьхуш хьийзачу гергарчарна. Амма юха а къайлаваьккхира Азамат иза дIавигинчара.

Ша видео-селфи яьккхинчул тIаьхьа а кIиранах лаьттийна Ибрагимов лаьцначохь. Ткъа аравалийтина, Дудаев Ахьмада иза шена кабинетехь гайтинчул тIаьхьа – селхана.

Ибрагимов Азамат беран шерашкахь дуьйна веха шен ненаца Канадехь. Шозза бен хилла а вац Нохчийчу вахана. Цуьнан да, Ибрагимов Висита, 1990-чу шерашкахь Нохчийчоьнан вице-президентан хьехамча хилла ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG