ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

18 школа а, 22 берийн беш а схьаелла дагахь бу Нохчийчохь шо чекхдалале


Шо чекхдалале Нохчийчохь 18 керла школа а, 22 берийн беш а схьаелла Iалашо ю аьлла, мехкан куьйгалхочуьнца хиллачу цхьанакхетарехь республикан вице-премьера Тумхаджиев Iийсас.

"Грозный-информ" хаамийн гIирсо яздарца, цхьанакхетарехь дийцаредина социалан объектех: школанех, дарбан хIусамех, инвесторш юкъа а балош, белхазалла эшорех.

Ишта Тумхаджиевс карладаьккхина, карарчу хенахь 1 миллиард соьмана 159 инвестицин проект кхочушъеш ю, уьш бахьанехь эзар вахархочунна белхан меттиг хир ю карайогIучу заманчохь аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG