ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БIаьста Бруклинехь Фергюсонца тасалур ву Нурмагомедов


ТIедогIучу шеран Охан-беттан 18-чу дийнахь Бруклинехь вовшахтухучу UFC-н турнирехь Фергюсон Тоница UFC-н чемпион Нурмагамедов Хьабиб тасалуш хилар тIечIагIдина. ХIинцале а контрактна куьйгаш яздина шина латархочо. Нурмагомедовн менеджеро IабделIазиз Iелас бина и хаам, социалан машанерчу инстаграмехь документан сурт зорбане доккхуш.

"Фергюсон Тоница лата резахуьлуш контрактна куьйгъяздина чемпионо. Дукха хан яра цунах лата догIу, Охан-баттахь Бруклинехь Аьрзу охьадоьсича тасалур ву и шиъ. ХIара дерриг а фанаташна лерина ду", - яздина IабделIазиза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG