ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Экстремизме йозанаш даржорна 3 шо хан тоьхна гIалгIана


Ростов-гIаларчу тIеман кхело колонехь даккха 3 шо хан тоьхна ГIалгIайчуьрчу вахархочунна Баркинхоев Микаилна, терроризман а, экстремизман а кхайкхамаш барна. Талламчийн версица, 2018-чу шарахь социалан машанехь экстремистийн чулацам болуш йоза зорбане даьккхинера цо Малгобекан кIоштарчу Южное олучу эвлахь.

Шегара даьллачунна къера хиллачу бехкевечун гIуллакх тешаш ца хIиттош луьстуш дара. Набахтехь даккха кхо шо тохарал а совнах, цунна дихкина кхелахоша кхаа шарахь интернетехь сайташ лело, яздо "Кавказский узел" агенталло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG