ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн полкан полисхоша "холмачхо" лаьцна


Кадыров Ахьмадан цIарахчу полкан полисхоша лаьцна холмачалла лелош хилла аьлла, меттигера вахархо Гацаев Хьусайн. Оршотан суьйранна "Грозный" телехьожийлан хаамашкахь Iорадаьккхина холмачхоца полицин эпсарийн хилла къамел. ХIинццалц исламан медицинан Центран коьртачу лоьро Эльжуркаев Адама бехкаш дохура лецначаьргара.

Гацаевс дийцина, муьлхачу сингаттамашца нах шена тIеоьхура. Цо бахарехь, дукха хьолахь, шайн бIаьрг тIехIоьттинчу жимчу стагна шаьш дезадалийта олий, дехар деш хиллера цуьнга зудабераша.

"Ишта гIо доьхура соьга, жинаш хьийзадо шаьш бохучу наха а. Ас кечдой хи лора царна. Нагахь санна, цхьана сингаттамехь ду шаьш аьлла, далхийча а, хи мийлар хьоьхура ас. Мах ца хуьлу шайн бохуш, латкъамаш бийраш а нислора", - аьлла, дийцина холмачхочо.

Шегара даьллачунна къера ву ша аьллачу лаьцначо, камерана хьалха шена гечдар а дехна, кхул тIаьхьа шена тIе ма дуьйла аьлла, кхайкхамбина нахе.

XS
SM
MD
LG