ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ца гина маситта шарахь". Тутмакхаш ган баха аьтто бац гергарчу нехан


Къилбаседа Кавказерчу бахархойн аьтто бац шайн гергара лецна нах ган

Материалан автор ю Маршо Радион Оьрсийн сервисан корреспондент Меркурьева Карина.


Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан пачхьалкх кхолларехула а, низамаш дахарехула а комитето хьехар дина хьалхарчу дешарехь тIеэца мегар ду аьлла чубоьхкина нах юххера гергара нах бехачу регионашкарчу колонешка дехьабаха бакъо луш долчу низаман проект тIеэца. Карарчу хенахь, масала, Къилбаседа Кавказерчу республикашкарчу бахархойн дезаш хуьлу иттаннаш эзарнаш километршкахь некъ бан, хан токху шайн гергара нах ган, яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.

Нурмагомедова Зулейхан яло кечвелла Нохчийн Республикера вахархо чувоьллира 2017 шарахь. Иза лецира Москох наркотикаш яржийна аьлла бехке а вина. "Бехктакхаман гIуллакхехь иза вуьйцуш ву зуламан тобанан куьйгалхо санна, цкъа цу тайпаниг цо ца лелийнехь а. И бахьана долуш 12 шо хан туьйхира цунна Мордоверчу колонехь луьрчу рожехь даккха", - дуьйцу Нурмагомедова Зулейхана.

Шина шарахь Мордове кхача цкъа аьтто баьлла цуьнан. "Карарчу хенахь тхойшиъ официалан кепара доьзал кхоьллина лоруш дац, сан аьтто бу цига яха доццу цхьаьнакхетаршка. Товбеца-беттан 16-хь (2020-чу шарахь) маре гIур йолуш ю со цуьнга. Цул хьалха иза ган лаьара суна, амма иза даима а гIуданан изоляторехь латтош ву. Колонехь бахьана ца дуьйцу, дуьйцу цо цхьа бакъонаш йохина бохуш, - латкъамаш бо йоIа.

Шен хин волу хIусамда "зуламе низамаш талхориг" хила мега бохучух ца теша иза. "Со колонехь цкъа бен ца хилла тIаьхьаяхана. Амма со цига яханчу хенахь сан а йохийра цигахь дуккха а бакъонаш. Ткъа муха лела хир бу аьлла хета шуна цигара белхахой чубоьхкинчу нахаца", - боху Нурмагомедовас.

Цо дийцарехь, дерриг дIадоладелира и шиъ вовшае гар йиллинчу хенал а дуккха а тIаьхьа хиларца. Цуьнга аьллера колоне ян мегар ду Iуьйранна 9 даьлча, дехаран кехат язда а, инструктажах чекхъяла а, ткъа 11 даьлча тутмакхца цхьанакхета а. Амма иза ган аьтто белира йоIан делкъал тIаьхьа 3 сахьт 10 минот яьлча.

Вовше ган деллера 4 сахьт, амма 4 сахьт 30 минот яьлча, вуьшта аьлча 1 сахьт ах сахьт даьлча, колонин белхахо йолчу зудчо омра дира къамел дIадерзаде аьлла.

"Гергарнаш цхьаьнакхетаран чоь, ма дарра аьлча, чоь яцара. Циггахь тутмакхаш тIеоьцу меттиг яра, чухула дуьйладелла лелаш адамаш дара. Чувоьллинчуьнца къамел дан цхьа а телефонаш я леррина аппараташ цу чохь яцара. Дерг жима Iуьрг дара пенна даьккхина. Цу чухула хилара дистхилар.

Доцца аьлча, оццул беха некъ бира ас, ткъа жамIехь еххачу хенахь сайна ца гиначу адамца къамел дан а аьтто ца хилира сан. Ас сой реза цахилар хаийтича колонехь жоп делира суна, хьайна иза дан а бакъо яларна баркалла ала ахь аьлла", - дуьйцу Нурмагомедовас.

Оьрсийчуьрчу Забайкальера № 2 колони
Оьрсийчуьрчу Забайкальера № 2 колони

Чувоьллинчуьнан ненан шина шарахь цкъа а аьтто ца баьлла шен кIант ган. "Со цунна вон хиларна кхоьруш ю шен кIант цигахь мухачу хьелашкахь латтош ву гинча", - боху йоIа.

Тутмакхан нана ехачу Нохчийчуьрчу Чернокозово эвлара Мордове кхачар хене яьллачу зудчуьнга далур доцуш хIума ду. Нийсса дIайоьдуш транспорт яц. Цкъа дуьххьара машен лаьцна луларчу гIала кхача деза. Цигара дIа ваха веза Рязанан кIошта, тIаккха Мордоверчу Зубова Поляна эвла. Цигара такси лаца еза, колоне кхача.

"Хала а, беха а некъ хилла ца Iаш иза харж оьшу некъ бу. Ненан пенси 10 эзар сом бен дац. ТаIзарш кхочушдаран федералан урхалле (ФСИН) дехар деш оха хIоразза иза билгалдаккхара. Дерриг а цуьнан пенси дIагIура ду кIанте чукховдо посылка вовшахтоха а, билеташ эца а", - тIетуьйхира Нурмагомедовас.

Цо дийцарехь, Чернокозовохь а ю луьрчу рожехь чубоьхкина нах латто колони. Цу колонехь ю яьсса лаьтташ меттигаш. Цунах лаьцна а яздина цара ФСИН-е дахьийтинчу кехатехь.

Цкъа дуьххьара шайн жоьпашкахь набахтхоша дийцара колони тIех сов юьзна хиларх лаьцна. Ткъа (Нохчийчуьрчу Чернокозовохь) яьсса меттигаш хилар тIечIагIдеш кехат дахьийтича, цара жоп даийтира, чубоьхкинарш цхьана колонехь латто безаш бу ерриг тоьхна хан чекхъяллалц аьлла.

Чувоьллинарг хан такхийта гергарнаш бехачу меттигерчу колоне дехьаваккха бакъо луш долчу низаман проекто сатийсам кхоьллина Нурмагомедован, шен хир волу хIусамда хIинца санна шина шарахь цкъа а доцуш, сих-сиха ган аьтто хила мега шен аьлла.

Карарчу хенахь долчу низамашца чувоьллинарг кхечу колоне дехьаваккха бакъо ю нагахь иза цомгуш велахь а, цуьнан кхерамазалла ларъян езаш ялахь а, колонехь баккхийн хийцамеш беш белахь а, иза дIайоккхуш я кхин долу къаьсттина чӀогӀа бахьанаш кхолладеллехь.

И бахьана долуш Къилбаседа Кавказерчу бахархойн шерашкахь аьтто ца болу шайн чубоьхкина гергара нах ган. Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а тутмакхашна гIо дар Iалашонца "Гражданское содействие" комитето кхоьллинчу проектан куьйгалхочо Чмурова Ольгас дийцарехь, шарахь 100 цу тайпа дехарш кхочу цаьрга колнешкахь хенаш токхучу нахера.

ЦкъаццIа чубоьхкинчара я церан гергарчара кхечу проблемах лаьцна яздо тхоьга, ткъа и хаттар дийцаре деш гучудолу уьш ганза масийтта шо даьлла хилар", - боху Чмуровас.

Чмурова Ольга
Чмурова Ольга

Оьрсийчоьнан УИ (уголовно-исполнительный) кодексан 73-чу артикалца а догIуш, лаьцначу стага таIзар такха деза ша вехачу я гергара нах бехачу меттигехь йолчу колонехь. Амма цу артиклехь юкъардаккхар ду: иза хьакхалуш дац терроризм а, экстремизм а лелорна чубоьхкинчарах. Тутмакх чувоьллина латто меттиг билгалйоккху ФСИН урхалло. Къилбаседа Кавказера бахархой бу дукхачу хьолахь оцу артиклехула чубухкуш.

"Цу тайпа дехар тхайга кхьачча, нагахь иза гергарчу нахера делахь, чувоьллинчуьнга хотту оха, шен хьал хийца иза кийча хилар къастор Iалашонца. Наггахь хан токхург сагатдеш хуьлу шен доьзал ган аьтто ца хиларна, амма цуьнца цхьаьна дIоггара вон хьелашкахь ца хуьлу иза. Ницкъ беш а ца хуьлу цунна, бахьана а доцуш, ШИЗО хьежош а ца хуьлу иза. Цу кепара долу шен хьелаш хийца кийча ца хуьлу иза", - дуьйцу Чмуровас.

Мордовера колони
Мордовера колони

Нагахь ши агIо хьал хийца лууш ялахь, комитето гергарчу нехан цIарх дехарш хьажадо ФСИН-е. Цу дехаршкахь дагардина хуьлу чувоьллинчу стеган гергарнаш бехачу меттиган гергарчу колоне иза дехьаваккха оьшуш хиларан бахьанаш. ФСИН-о дукхачу хьолахь жоп ло, далийна долчу бахьанех цхьа а низамца бух болуш дац хан тоьхна стаг дехьаваккха олий.

Цул тIаьхьа цу сацамна латкъам бо оха Москварчу Замоскварецкий кхелехь. Цигахь гергарчеран дехар юхатухуш сацам бо гуттар а ала мегар долуш. ТIаккха "Гражданское содействие" комитето гIо до Европера адамийн бакъонашкахула кхеле латкъам хьажо.

Европин кхело сацам бо иза низам дохор ду олий, компенсаци ялар тIе а дожош. Амма иза дича а ца хуьлу хан тоьхна стаг кхечу колоне дехьаваккхар.

"Дукхаха болу тумакахаш бисахь а генарчу колонешкахь хан такха, ФСИН-на гуш хуьлу Европин кхеле латкъамаш бечу тутмакхийн терахь алсамдалар. Цундела хан тоьхна рогIера нах оццул гена ца бохуьйтуш бита хьовсу ФСИН-ан белхалой. Делахь а тутмакхаш наггахь а ца буьту шайн республикийн территори тIехь хан такха, цигахь колонеш хилча а, амма Юккъера Оьрсийчоь олучу регионал а гена ца боху уьш", - дуьйцу Чмуровас. Цо билгалдаккхарехь, хьалха Къилбаседа Кавказера хан тоьхна нах дIахьежабора коьртачу декъана Урале.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG