ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Э" Центран куьйгалхо верна бехкевечун гергарчийн хIусамех хьуьйсуш бу полисхой


Экстремизмна дуьхьало латточу Центран (ЦЭП) куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим вийна аьлла, шеконашка эцначу Картоев Къурейшан гергарчийн цIийнах хьуьйсуш бу ГIалгIайчохь.

"Гергарчийн хIусамашкахула а, Картоев юкъахь хиллачу батIалхьажойн динан тобанан декъашхойн цIенойх а хьуьйсуш, чекхбуьулуш бу. Цхьаболчаьрга хеттарш до", - аьлла, дийцина "Кавказ.Реалиига" гIалгIайн полисхойн декъерчу хьостано.

Карарчу беттан 2-чу дийнахь Москвахь герзаш диттина вийра ЦЭП-ан куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим а, цуьнан ваша-нейрохирург Эльджаркиев Ахьмад а. Шеконашка эцна, лаца лехамашка велла 46 шо долу ГIалгIайчуьра вахархо Картоев Къурейш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG