1999-чу шарахь Дагестанерчу Ботлихан кIоштахь оьрсийн эскархошна тIелатар дина цо аьлла, Ставрополан кIоштарчу 48 шо долчу вахархочунна дуьхьал айдина бехкзуламан гIуллакх кхеле дIахьажийна. Талламчийн версица, цунна бехкедиллина герзашца лелачу тобанхойх дIакхетар а, кIелонаш еш, тIелетарш дар а.
"Басаев Шемалан а, Хаттабан а куьйгакIел зуламаш лелийна бехкевечо, пачхьалкхан дIахIоттам бохо Iалашонца. Оьрсийчоьнан эскархошна тIелатар дина цо, 33 салтий а вуьйш, 34-нна чевнаш а еш", - аьлла, хаамбина "Кавках.Реалиига" прокуратурехь.
Дагестанерчу Лакхарчу кхело кхин дIа хоттур долуш ду дов.