ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Известия": Эльджаркиев хьан вийна къаьстина


Москвахь ЭльджаркиевгIар байинчу меттигехь лаьтта полисхой
Москвахь ЭльджаркиевгIар байинчу меттигехь лаьтта полисхой

Кхин а виъ стаг дIалаьцна ГIалгIайчоьнан экстремизмна дуьхьало латточу Центран куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим верна тIехула, яздо "Известия" хьостано. Ткъа "Коммерсанто" дийцарехь, батIалхьажойн тобанера пхи стаг ву шеконашка эцна. Ишта "Известияс" чIагIдо, Эльджаркиев верах гIуллакх къаьстина даьлла, Экажево олучу эвларчу батIалхьажин вирдехь болчу наха чIирна дуьхьал вийна иза аьлла. Шайн гергара стаг, хьалханча лаьттина Белхороев ИбрахIим верна Эльджаркиев бехке лорура батIалхьажоша.

"Коммерсантан" информацица, уггар а хьалха лецира Костоев Гилани. Талламчийн версица, Эльджаркиев вен Iалашо хилла Картоев Къурейш Костоевс шен машенахь тIевалийна хилла. Машенлелорхочо Картоевн а, цуьнан гIоьнчан Арапиев Ахьмадан а цIе яьккхина. Картоев лехамашка велла ву.

Костоевс динчу тоьшаллица, полисхоша талламаш дIабаьхьира Экажевохь иттех цIеношкахь, дIавигира хеттарш дан Картоевн гергара ши стаг а.

Карарчу беттан 2-чохь Москвахь вийна карийра Эльджаркиев ИбрахIим а, цуьнан ваша Ахьмад а. Академикан Анохинан урамерчу гIишлонна хьалха шайн машенна уллохь и шиъ лаьтташ волчу заманчохь, тIевеанчу стага герз диттина вийра и шиъ. Цул тIаьхьа къайлавала аьтто хиллера зуламхочун BMW X7 машенахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG