ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ГIалгIайчоьнан хьакъволу журналист" совгIат юкъадаккха дагахь бу депутаташ


"ГIалгIайчоьнан Республикан хьакъволу журналист" цIе ялар юкъадаккха сацамбина ГIалгIайчохь. Регионера журналистика кхиорехь доккха дакъа лаьцначу зорбанехь къахьегначу нахана дIасадоькъур ду и совгIат, яздо REGNUM агенталло. ГIалгIайчоьнан парламентан вице-спикере Светличный Василийга оцу кепара дехар дина мультимедийн журналистикан "Спецкор" школан куьйгалхо Буражев Адама. Иза тешна ву, дуккхаъчу махкарчу журналисташа къахьегна хиларх республика кхиорехь а, дIахIоттарехь а.

Масийтта шерашкахь ситемза регион яра ГIалгIайчоь, луларчу Нохчийчохь тIемаш боьлхучу заманчохь а халонаш хьегна цо аьлла Буражевс.

Парламентан вице-спикер тIетайна инициативана, ишта Халкъан Гуламан депутаташ а реза хиирг хиларх тешна ву ша аьлла, билгалдаьккхина цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG