Дахначу шинаридийнахь Албанехь мохкбегийча охьахирцинчу гIишлош бухахь бисинарш схьалоьхуш, операци дIахьош бу орцанхой. ТIаьххьарчу хаамашца, мел лахара а 23 стаг ву велларг, лазийна 650 сов вахархо дарбан хIусамашкахь ву. Дуррес олучу портан гIалахь а, Туманехь а иттанашкахь нах бу херцаршлахь буьсуш хIинца а.
Луларчу Косовера а, Черногорера а Албанина гIоьнна хьовсийна лерина гIалийн орцанхойн тобанаш Iамийначу жIаьлешца. Еврокомиссионо хаамбарехь, орца кхаьчна Италера а, Грецера а, Румынера а.
Четарш хIиттийна хIусамаш йоьхна, тховкIело йоцуш бисинчу нахана. Косоверчу 300 гергга хIусамо шайн неIарш йиллина бохам беанчу нахана. Iамеркан Цхьанатоьхна Штаташ а кийча ю гIо кхачон.
Оцу юкъанна Албанехь тезетан де кхайкхийна 27-гIа, кхаарин де.