ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Наркотикаш яржон организацеш террорхойх дIатоха Iалашо ю Трампан


Къайлаха наркотикаш лело организацеш официалехь террорхойн тобанех дIатоха лерина ю Iамеркан Цхьанатоьхна Штаташ аьлла, дIахьедина шинаридийнахь президенто Трамп Доналда. "ТIаьххьарчу 90 дийнахь оцу хаттарна тIехь ойланаш еш Iийна со…ХIуммаъ а аттачех яц хIара, тхо чекховла деза процесс", - аьлла Трампа телевизионехь еллачу интервьюхь.

Мексикехь Iамеркан исс вахархо - кхо зуда а, 6 бер а (бIе шо сов хьалха Мексикехь баха бисина мормонийн сектан декъашхой) байинчул тIаьхьа Трамп Доналда Мексикан Iедалхошна хьийхира, Iамеркан гIоьнца "лаьтта тIехь наркотикаш лелораш хилла меттиг а бита мегар дац" аьлла.

Наркотикаш лелочу организацин декъашхоша боьгIначу гура нисбеллера кху беттан 4-чохь йоьдучу машен чохь Iамеркахой, Мексикан Iедалхойн хаамашца.

Iамеркан низамашца, муьлхха а террорхойн тобана гIодар низамаш хьешар ду, цул совнах, организацийн декъашхой Iамерке чубуьтуш а бац. Iамеркан пачхьалкхан департаментан векалшца шаьш цхьанакхета дагахь ду аьлла, шинаридийнахь дIакхайкхийна Мексикан арахьарчу гIуллакхийн министралло. Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкара Мексике герз кхехьарх дийца а лерина бу Мексикан Iедалхой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG