ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

" Нехаш йохург ахча дала дезий ца хаьа нахана»


Нехаш. ХIинжа-ГIала, Дагестан
Нехаш. ХIинжа-ГIала, Дагестан
Расулова Анастасия

Iер-дахарехь адамаша, гул а еш, хIусамашкара арайоху нехаш дIакхехьар коммуналан белхахоша сацо там бу Оьрсийчоьнан 16 регионехь – оццул доьхна хьал ду тахана нехаш йохучу операторшкахь. Оцу хьокъехь хаамбина мехкийн куьйгалхошка Оьрсийчоьнан маьIданийн а, экологин а министра Кобылкин Дмитрийс. Дагестанехь нехаш яхарца хIоьттина хьал довзуьйту "Кавказ.Реалиин" корреспонденто.

Нехех бала хиллачу мехкашлахь хьалхара ю Дагестан, ГIебарта-Балкхаройчоь, ГIалгIайчоь, Къилбаседа ХIирийчоь.

Дагестанехь мехкан куьйгалхочун Васильев Владимиран омрица кхоьллина, болхбеш ю кIошташкарчу коммуналхоша нехаш яхар тергалдечу инспекторийн кхо комисси. Цара зийна нехаш дIакхуьйсучу хьаьтташкара сурт, теллина, уьш чу а оьцуш, царех пайдабечу меттигийн болх, иштта, ярташкара цIаналла а.

Зераш дирзича, комиссеш вовшахкхийтира кIоштийн куьйгалхошца а, коммуналхошца а, дийцаредира нехашца махкахь хIоьттина ирча хьал, къастийра иза тоден некъаш.

Нехаш яхар дикачу новкъа даккха дуьхьалойийриг ду, комиссешкарчу инспекторша бахарехь, дукхахйолчу хьукматийн куьйгалхошна нехаш дIакхоьхьучу коммуналхошца барт беш, кехаташ хIитто цалаар. Долара бизнес яьржинчу ХIинжа-ГIалица, Хасу-Юртаца, Дербентца ю и проблема уггаре хьалха. ШолгIа проблема ю нехаш кхийса магийна йоцчу меттигашка кхийсар. Амма уьш тийса къастийна меттигаш а яц оьшучу кепе ялийна. Масала, Буйнакскехь, Ахты юьртахь нехаш кхуьйсу меттиг гонах керт а йоцуш лаьтта, дайша тесна дуьту бежанаш тIеоьху, мохо генна дIасахьо нехаш.

«КIошташкахь нехех жоп лучу операторшка дIа ца хIоттабало шайн болх хIотто ма безза. Хьалха нехех жоп лора юьртан, гIалин администрацеша, хIинца кIоштийн операторша жоп ло. Бинчу хийцамо кхин а эрчаяьккхина цIаналлица даима а ледара гуш хуьлу республика», - боху премьер-министран гIовса Абдулмуслимов Iабдулмуслима.

Нехаш яхарна дала догIучу ахчанах цхьа дакъа бен гул ца дало махкахь операторшка, уггаре тIех – 35%. Ткъа цхьайолчу Дагестанан ярташкахь нехаш яьхча вовшахкхета ахча дац 2-3% бен. Оцу суьрто а бохьу царна бала. Цхьа а бахьана далош а доцуш, ярташкахь наха нехаш яхарна мах баллане а ца ло, оцо телхинчунна тIе а талхадо операторшкара хьал.

Дагестанахь тахана нехаш йохуш а, царех пайдабоккхуш а 4 компани ю. Цара далхадо шайн доьхна хьал.

"Нехаш чутуьйсу контейнерш дIахIитто кечйина меттигаш кIезиг ю, ца тоьу нехаш чукхуьйсу бакаш. Бахархой кхетош бац, нехаш йохучарна мел ахча шаьш дIадала деза ца хаьа царна, я догIий а ца хаьа шайгара и ахча цхьацца меттигашкахь. Нехаш, къеста а еш, шаьш-шаьш а йохуш, дIакхийсар-м дуьйцучохь а дац. Ярташкара дукха нах гIаланашка дIакхелха – ткъа царна ца лаьа гIалахь санна баха, шайн нехаш муха, маца, хIун мах луш тийса еза бакашна чу», - дуьйцу кIошташкахь болхбечу «Лидер» компанин-операторан белхахочо Магомедов Мохьмада.

Шега, мила декхаре ву нах кхето, уьш шайн нехаш, къеста а еш дIакхийса Iамо, хьан бовзийта беза шун мах, хаьттича, Магомедовс боху: «Муниципалитеша а, юьртдайша а, Iаламан министралло а, юкъараллийн организацеша а, прессо а». Ткъа кIошташкарчу операторша иштачу балханна юьстахдоккху ахча дукха дац – коммуналхой бац халкъ нехаш кхийса Iамо декхаре, боху Магомедовс.

Гарехь, муниципалиташший, кIошташкахь нехаш йоху операторшший гена бу вовшех кхета а, юкъара некъ каро а.

Делахь а министрийн кабинетан куьйгалхочун гIовс Абдулмуслимов теша хийцамаш хирг хиларх. «Шайн-шайн Iалашонаш къастийна массарна а. Карара шо дерзале нехашца долу сурт хийцадала деза, со теша, кхочушдийр ду шайн декхарш цунах жоплучара», - бохура цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG