ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Страсбургехь селфи йина ши нохчо дIалаьцна полицино


Керлачу шарна хIоттийначу базарахь кхааридийнахь Страсбурган полицино Нохчийчуьра ши мухIажир дIалаьцна, хаамбо BMF TV телехьожийло. "Терроризм бакъярна" бехкевина и шиъ. Экстремистийн "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхошкахьа озабезам бу аьлла, тарделла полисхошна цу шиннан лелар.

Страсбургерчу килса хьалха селфи еш хьажон пIелгаш стигал айбина (Дела цхьаъ вар ду) хилла шина нохчочо. ГIалин полицин декъе дIавигина лаьцна шиъ. Еаридийнахь прокуратурано сацамбийр бу церан хьокъехь.

Кху беттан 22-чохь схьайиллина Керлачу шарна базар полисхойн леринчу тергонца. И доьзна ду стохка ГIуран-беттан 11-чу дийнахь оцу базарна гергахь герзаш диттина пхи стаг верца 29 шо долчу Шекатт Шерифа. Кеп-кепара чевнаш йира хIетахь 14-нна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG