ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДаIишхойх дIакхета ахча деллачунна 6 шо хан тоьхна


Шемарчу даIишхойх дIакхета ойла хиллачу накъостна ахча делла аьлла, Нохчийчуьрчу Ухигов Юсупна набахтехь даккха тоьхна 6 шо хийцаза дитина Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело. "Кавказский узел" агенталло яздарца, кху аьхкенан Марсхьокху-беттан 30-чохь Ростоверчу Къилбаседа-Кавказан тIеман кхело 6 шо кхайкхийра Ухиговна, иза бехкехилар тIе а чIагIдина. Адвокаташа латкъамбинера Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхеле, амма коллегино гIуллакх юха листинчул тIаьхьа а ма-дарра дитина.

Талламчийн версица, 2016-чу шарахь Австрехь вехачу Ухиговс Шема ваха лаам болчу Сулейманов Шемална ахча тесна хилла. 2017-чу шеран Заздоккху-баттахь кхело 3 шо хан туьйхира къера хиллачу Сулейманов Шемална.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG