ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Миграцин урхаллан хьаькам хIоттийна Кадыров Рамзанан 22 шо долу нуц


Нохчийчуьрчу миграцин хьукматан керла урхалхо вовзийтина республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министро Алханов Руслана, хаамбо "Обзор" хьостано. "Кавказ.Реалиин" хаамашца, мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан йоI Iайшат яхна нуц ву 22 шо долу керла хьаькам Мацуев Висхан.

Соьлжа-гIалара Суворовн цIарах доьшийла чекхъяьккхина Мацуевс 2016-чу шарахь. "СКФО Тelegraph" каналан информацица, Мацуев доьшуш хилла Краснодарерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан университетехь а.

2010-чу шарахь ЦIоьнтарахь хиллачу тIеман тасадаларшкахь чевнаш йина Мацуев Висханан да кхелхина Москварчу Склифософскийн цIарахчу институтехь, яздо "Кавказ.Реалиис".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG