ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Хелллоу, Грозный!" кино яккха волавелла нохчийн режиссер


Режиссер Агаев Шемал
Режиссер Агаев Шемал

"Россия историй" киноальманаха юкъа яхийта лерина йолу "Хеллоу, Грозный!" йоцца филм яккха йолийна ю Нохчийчохь. ТАСС агенталле бина цунах хаам режиссеро Агаев Шемала.

"Тхо болхбан дуьйладелла хIинцале а. Доллу дахар Европехь дIадахна, цхьа хан яьлча шен дена а, езарна а ша бакъволу нохчо вуй хаийта даймахка веанчу нохчийн хирургах Адамах лаьцна ю и филм. "Россия историй" киноальманахехь хир ю и, Екатеринбургерчу коллегашца тIедогIучу шарахь ара а хецна, Оьрсийчочьнан кинотеатрашкахь гайта Iалашо йолу и кино", - аьлла агенталле режиссеро.

Кхааридийнахь аэропортехь а, гIалин урамашкахь а йолийна съемкаш. Коьрта турпалхой бу нохчийн актераш Дадаев Iийса а, Мезиева ПетIмат а. Ишта кино чохь дакъалоцуш ву Швейцарин актер Рейнхардт Филипп а, Iамеркахо Шлапп Майкл а.

Тюменехь вехаш ву нохчийн 28 шо долу режиссер Агаев Шемал. Ши шо хьалха Шемала дакъалецира хIора шарахь дIахьочу Telling Stories Fest фестивалехь. Тоьллачу пхеа финалисташлахь яьккхира цуьнан цIе.

Ишта шен 22 шо долчу хенахь The Walt Disney компанино кхайкхийначу сценарийн конкурсехь туьйлира нохчийн режиссер.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG