ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керлачу шарахь 6 миллионна сакъоьрур ду нохчийн хьаькамаша


Хьаькамашна лерина Керлачу шеран барамашна 6 миллион сом ахча дайа Iалашо ю Нохчийчоьнан министрийн кабинетан. Iедалан цIарах оьшург эца мах кхайкхочу сайт тIехь Iедалхоша зорбане яьккхина тендер. Оцу ахчанна тендер кхочушъян тIелаьцначо Керлачу шарна лерина суьйре дIаяхьа концерт вовшахтоха а дезар ду, 600 хьешана юур-мерг хIотто а оьшур ду.

Барамехь дакъалоцур ду мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а. Мел лахара а итт Нохчийчоьнан хьакъволу артист хила веза цигахь иллеш олуш, ткъа концерт дIаяхьа могуьйтуш ду оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь шерра къамелдан хуучу профессионалан артисташна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG