ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Суна хаьа доьзалехь гIелояр хIун ду, ас лайна иза бераллехь"


Манижа Владикавказехь
Манижа Владикавказехь

Материалан автор ю Кавказ.Реалиин корреспондент Агкацева Тамара


Владикавказехь а, Соьлж-ГIалахь а Манижа цIе йолчу йиш лакхархочо йовзийтина доьзалехь гIелояр лайначу нахана гIо дан хьажийна мехаза программа, яздо Кавказ.Реалиино.

Йозуш йоцу мукъамча а, автор а, йиш лакхархо а йолу Манижа цIера Таджикистанера ю. ХIара шо долалуш цо арахецна халачу хIоле нисвеллачу стагана сихха гIо дан аьтто беш йолу Silsila мехаза программа. ХIинца иза болх беш ю Къилбаседа Кавказехь а.

Шен истори буха а йиллина, "Нана" цIе йолу йиш яьккхира цо. Доьзалехь гIело ярх лаьцна клип яккха шен идея йоI кхочушъян гIерта 3 шо а дара. Амма цхьанна а ца лаара цу проектана ахча дала.

"Ас иза хьахийча массо а къежара, иза дерриг а дика ду, амма цхьа кхин позитиван клип яккхий вай бохуш" – дуьйцу Манижас.

Эххаре а нанас гIортор йинера цунна. Оццул хьуна иза мехала хетахь, яккха мегар ду аьлла цо шен петарна дуьхьал ахча эцна хиллера. Цу ахчанах яьккхира йоIа клип.

Цу роликехь бераш бIаьргашца гойтуш бу, буьйсанна дех гIам хуьлучу доьзалан бала. Амма клип арахецар кхачам болуш а ца хетта программа кхолла сацам бира ша, боху Манижас.

Цу программан аппликацехь нуьйда ю гIо доьха. ЦIеххьана хIоьттинчу хьолехь иза тIетаIийча ахь хаьржинчу нахе хаам кхочур бу, гIо доьхург волу меттиг схьагойту геолокаци а йолуш. Иштта цу программана юкъатоьхна ю Оьрсийчоуьра кризизан центраш, ткъа уггар уллера цу тайпа центр ган аьтто бу карти тIехь.

"Суна хаьа доьзалехь гIелояр хIун ду, ас лайна иза бераллехь. Ас сайн нана юьйчура кIелхьара яьккхира шозза. Сан 28 шо ду, амма кху тIаьхьарчу 3 шарахь бен иза массарна а хезаш ала аьтто ца хилла сан. Цул хьалха суна эхь хетара иза хьахо а, ур-аттала ненаца а ца хьехадора ас иза", - дуьйцу йиш лакхархочо.

Манижин ненан неннана Юккъерчу Азехь гуш-хезаш паранжа лелорна дуьхьал а бевлла, балха гIур ду шаьш а дIахьедар динчу зударех цхьаъ хилла. Цул тIаьхьа цуьнгара дIадаьхна хилла бераш. Амма зуда балхара дIа ца яьлла, эххар а шен бераш схьадерзо аьтто а баьлла цуьнан.

"Хьокху манифестаца, кхун клипаца, кхун программица со ала лууш ю вай вовше хиларх лаьцна. Вай ваьшша дац, ткъа вайн карахь ю хир йолу тIаьхье. Дуьне дац хийцалуш, адамаша хуьйцу дуьне", - боху Манижас.

Хьалхо "Кавказ.Реалиино" хаам бина ма хиллара, Нохчийчохь гулбеллачу Кавказера юкъараллан жигархоша дIахьедар дира, "доьзалехь гIелоярца къийсам латторна" пропаганда яр ма дарра аьлча, Iалашо йолуш ду кегийрхой доьзалш кхолла а, бераш кхио а лаам хилар лахдан аьлла. Цу хеннахь хиллачу хIусамдас Къилбаседа ХIирийчуьра яхархо Гагиева Регина ер толлучу шина баттахь хийцавелла 7 талламхо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG