ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайн а, нохчийн латтанаш дIацIандина сапераша


РогIера латтанаш минех цIандеш мур дIабирзина Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а. Охан-баттера кху карарчу батте кхаччалц сапераша басийна 2 эзар сов тIеман гIирс, хаамбина еаридийнахь тIеман буьйранчаша.

БIаьстаенан юьххьехь долийра сапераша нохчийн, гIалгIайн территореш лоьлхуьйтучу хIуманех маьршаяха. 100 сов сапер вара 1000 гектар юьртабахаман латтанаш цIандан тIеозийна.

"ТIехьа-Мартанара а, Хьалха-Мартанара а, Гуьмсан а, Сунжан а кIошташкахь дуьйчу латташ тIехь а, хьаннашкахь а лелха кхерам болу лоьлхуьйтурш зеназа лелхийтина", - хаамбина Къилбаседа Кавказан тIеман гонийн пресс-гIуллакххоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG