ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-ГIалахь хиллачу некъан бохамехь 3 кхиазхо лазийна


Соьлжа-гIалахь яхначу буса "Лада Приоран" урхалла дар галдаьллачу машенлелорхочочун автомобил саьнгар чу йоьжна. Дийцарехь, новкъахь дуьхьалдаьллачу жIалена тIе ца тоха а гIоьртина, ледарло яьлла шоферера. Хиллачу бохамехь чевнаш йина 14, 16, 17 шераш долчу кхиазхошна. Уьш берриш а дарбан цIийне охьабехкина.

Ишта де хьалха Хьалха-МартантIехь хиллачу некъан хьовзамехь лазийна "Toyota Camry" машенан урхалла динарг а ву дарбан хIусамехь.

Карладоккху, некъан полицино тIаьххьара Iорадаьхначу терахьащца махкахь хиллачу 138 некъан хьовзамехь 74 стаг, лазийна 189.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG