ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москварчу нохчийн йоIа шена къинтIера ваьккхина Кадыров (+видео)


Нохчийчоьнан бахархой къинтIера бохуш рагI кхаьчна Москвахь ехачу нохчийн йоIе. Инстаграмехь @iman_baisultanova никца аккаунт схьайиллина, Нохчийчоьнан куьйгалхо а, цхьаболу махкара бахархой а емалбеш, комментареш язъеш хилла цо, яздо "Комсомольская правда" газетано. ПIераскандийнахь интернетехь яьржинчу видео тIехь ша "карор яц моьттуш хьаштдоцург дийцинчу" йоIа шена гечдар доьху.

Error rendering VK.

"Байсултанова Иман аьллачу цIарца агIо яра сан йиллина. Цигахь Кадыровх а, цхьаболчу нохчех а лаьцна посташ хIиттайора ас. Боьршачу стеган, мехкан урхалхочун сий дойуш дешнаш яздора ас. Дан дезаш дацара ас цу тайпаниг", - бохуш, дуьйцу дохкояьллачу йоIа.

ЙоIа бахарехь, цуьнан дас а, нанас "кхеттачу агIор дийцина" цунна, цуьнгара даьлларг ледара хIума хиларх. Кхайкхамбо йоIа махкахошка, цу кепарниг шайгара ца далийта хьажа бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG