ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Страсбурегхь селфи йина ши нохчо маьршаваьккхина полицино


Страсбургехь лаьцна Нохчийчуьра ши вахархо маьршаваьккхина полицино, церан телефонаш теллина, хеттарш динчул тIаьхьа.
Лаьцначух цхьаъ еарин сарахь дIахецна хилла, шолгIаниг пIераскана цIа ваийтина аьлла, яздо францхойн Le Figaro газетано.

Хьостан информацица, лаьцна хиллачех цхьаъ Страсбургехь вехаш ву, шолгIаниг иза волчу хьошалгIа веана хилла Францин кхечу гIалара. Ши нохчо арахецар тIечIагIдина Францехь вехачу нохчийн историко Вачагаев Майрбека шен "Францера нохчех керланаш" Телеграм-каналехь.

Маршо Радионо яздира, Керлачу шарна хIоттийначу базарахь кхааридийнахь Страсбурган полицино Нохчийчуьра ши мухIажир дIалаьцна аьлла, BMF TV телехьожийло хаамбарх. "Терроризм бакъярна" бехкевинера и шиъ. Экстремистийн "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхошкахьа озабезам бу аьлла, тарделлера полисхошна цу шиннан лелар.

Страсбургерчу килса хьалха селфи еш хьажон пIелгаш стигал айбина (Дела цхьаъ вар ду) хилла шина нохчочо. ГIалин полицин декъе дIавигинера лаьцна ший а.

Кху беттан 22-чохь схьайиллина Керлачу шарна базар полисхойн леринчу тергонца. И доьзна ду стохка ГIуран-беттан 11-чу дийнахь оцу базарна гергахь герзаш диттина пхи стаг верца 29 шо долчу Шекатт Шерифа. Кеп-кепара чевнаш йира хIетахь 14-нна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG