ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайн экс-министрна 5 шо кхайкхийна


ГIалгIайчоьнан финансийн министр лаьттинчу Цечоев Русланна набахтехь даккха пхи шо хан тоьхна. Шен хьокъехь кхело сацам бовзуьйтучу процессе ца веана экс-министр федералан лехамашка велла. 2015-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь финансийн министрна Цечоевна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх диллира, шена даржо лучу бакъонел а совваларна.

Талламчийн информацица, федералан субсидийн бюджетера хьажийначу ахчанах ши миллиард сом Цечоевс мехкан бюджетан дефицит токхуш дайинера.

Магасан кIоштан кхело экс-министр бехкехилар тIе а чIагIдеш, набахтехь даккха пхи шо хан тоьхна цунна. Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло лоьхучу нехан базехь ву Цечоев. Иза лохуш гIо динчунна миллион сом кхайкхийна урхалло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG