ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен хаттарна нийса жоп деллачунна iPone елла Кадыровс


Шен социалан машанерчу агIон тIехь деллачу хаттарна нийса жоп деллачу махкарчу яхархочунна совгIатна iPhone елла нохчийн куьйгалхочо Кадыров Рамзана, яздо Ставрополерчу "Аргументы и факты" хьостано. Цхьана бевзаш боцчу стоьман сурт хIоттийнера цо, цуьнан цIе хьанна хаьа хоьттуш. "Масех сахьтехь 4 эзар гергга жоьпаш яздира поста бухахь, гранатна а, инжирна а тIера дIадолийна, хорбазан а, редискин а бисте кхаччалц. Ткъа ас хIоттийначу сурт тIехь сайн куьга бешара баьккхина Iаж бара", - дийцина Кадыровс.

Нийса жоп деллачу Дасаева Рометина совгIатна iPhone олу телефон елла куьйгалхочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG