ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчий сийсазбина бизнесхо кхеле ваьлла


Бизнесхочунна Малахов Евгенийна тIелатар дина аьлла, шеконашца лаьцначу Сагаев Мохьмад-Насыран а, Янурсаев Мохьмадан а хьокъехь Самарерчу Железнодорожный кIоштан кхело шоьтадийнахь шен сацам бовзуьйтур бу. Цаьргара кийтарлонаш оьшучу полисхоша цу шинна йиттина аьлла, даьржинчул тIаьхьа шуьйра дийцадолийра оцу гIуллакхах.

Лаьцначех цхьаъ кху шеран ГIадужу-баттахь Самарерчу хаамийн гIирсашкахь турпалхо санна вуьйцуш вара. Некъан бохамехь нисъеллачу «СамараАвтоГазан» автобусчуьра нах кIелхьарбохуш гIо динера цо. Шайн ницкъашца аравала йиш йоцуш висинчу 15 стагна орца кхачийнера цо. Самарскан кIоштан экс-сенаторон Ищук Андрейн партнер хиллачу Малахов Евгенийс латкъамбинера кхеле.

Социалан машанашкахь яьржина, бизнесхочо нохчийн къам сийсаздеш аудио. Шена тIелатар динчул тIаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане арз динера цо, нохчаша йиттина шена аьлла.
"Коммерсант" газетаца хиллачу къамелехь Малаховс бакъдо, ша нохчийн аьшнашбар.

ОьгIазвахначохь даьллера шегара иза боху цо. Амма цхьаьнга а шена гечдар деха ца воллу ша, хIунда аьлча, ша дуьйцург доллу къам дацара, масех сатаг вара аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG