ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинна совгIат дохьуш вогIу шемахо Ростов-гIала кхаьчна


Ростов-гIала кхаьчна Шемара вогIу Аззам Iаднан. 8 бутт бу иза говрахь Димаьшкъара Москва кхача лаам болуш араваьлла. Терроризмца къийсам латтош волчу Оьрсийчоьнан президентна Путин Владимирна даггара баркалла а олуш, цунна Iарбойн говр совгIатна яла лаам болуш лела Аззам.

"9 шо ду Шемахь тIемаш лаьтта. Исс шо ду доллу дуьненчуьрчу террорхошца шемахой лета. Оьрсийчоьно а гIо до цу тIехь. Оха даггара баркалла боху Путинна а, шун къомана а тхуна тIехIиттарна, хьал хийцарна", - аьлла Аззам Iаднана.

Говрахь йолийначу вояжна кхин а ши бутт хан яйа дагахь ву иза. КарабогIучу беттан 15-чохь Москварчу ЦIе майдана кхача Iалашо ю шен боху цо. Цигахь Путин Владимир ган а, цунна шегара говр совгIатна яла а дагахь ву ша аьлла, дийцина журналисташка Аззам Iаднана.

Маршо Радионо Лахьан-баттахь яздира, говрахь ГIалгIайчу кхаьчна Шемара яздархо Азам Iаднан аьлла. Пхи эзар киламетар йолу "Шема - машар" цIарца цо Димаьшкъара йолийна хилла тур йоьрзур ю Москвахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG