ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Имам Шемалан сий дина спортхо латаршна юкъараваьккхина


Имам Шемалан сурт тIаьхь долу майка йоьхна, совгIаташ дIасадоькъучу церемони юкъаваларна 4 баттана дисквалификаци йина дагестанхойн латархочунна Садулаев Iабдулрашидна, яздо "АиФ Дагестан" хьостано. Нур-Султанехь ши бутт хьалха дIаяьхьначу дуьненан чемпионатехь 4-гIа дашо мидал яьккхина Садулавес.

Чемпионатан регламентца а догIуш, шен къоман латархойн духарца бен нахана юкъавала бакъо ца хиллера спортхочун. "Объединенный мир борьбы" (United World Wrestling UWW) Дуьненаюкъарчу федерацино латархочо къепе йохорна беа баттана латаршна юкъара ваьккхина иза.

Карладоккху, кху аьхка "Чечня Сегодня" агенталлана еллачу интервьюхь, Нохчийчоьнан куьйгалхочо емалвира имам Шемал, нохчийн къомана репрессеш йина цо аьлла. Цуьнан дешнаша эргIадбахийтинера кавказхой, къаьсттина Дагестанан бахархой.

Имам Шемалан сурт тIехь долу майка йоьхначу Садулаевн Iалашо хилла шен позици билгалъяккха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG