ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КъахIирехь набахтехь латточу студентийн хан дIаяхйина


Карарчу беттан 10-чу дийне кхаччалц чохь вита сацамбина Мисарахь лецна КъахIирерчу набахтехь латто гIалгIайн виъ студент: Плиев Рамзан, Чемурзиев Исмаил, Аушев Илез, Дзейтов Iела. Царна дуьхьалдаьккхинчу гIуллакхца бехкеечу Оьрсийчоьнан яхархочун Зулхоморан йоIа Салиходжаева Фатимас бина цунах лаьцна хаам. Хан дIаяхъеш вовшахтоьхначу кхелан процессехь дакъалаьцна ю иза, цо дийцарехь. Цигахь къайлах ницкъахоша дIахьедина йоIе, шина шаре кхаччалц чохь буьтуш сацамбан а тарло аьлла.

Экстремизмна бехкебеш бу студенташ. Пачхьалкхехь баха бакъо чекхъяьлла нах дIалехьош йолийначу рейдашкахь полисхоша КъахIирехь стохка аьхка дуьйна лецна латтош бу уьш.

ГIалгIайн студентийн гергарчара дIахьедо, оьрсийн хьаькамаша шайн бераш кIелхьардахархьама деш хIума а дац, шайн доьзалхой хIуманна бехке а бац бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG