28,8% белхахой 15 эзар соьмал лахара алапа оьцуш бу Нохчийчохь. Цу гайтамехь уггар гIаддайначу 5 республикана юкъахь 5-гIа меттиг дIалоцуш ю иза. РИА Новости агенталло бинчу талламца, Оьрсийчохь 15 эзар соьме ца кхучуш алапа долуш бу 11% белхахой.
Уггар ледара хьал ду Къилбаседа Кавказехь. Цигахь уггар лахара белхан алапа оьцуш бу Дагестанера белхахой - 34%. Цунна тIаьхьа ю Кхарачой-Чергазийчоь (33%), ГIалгIайчоь (29,6%), Къилбаседа ХIирийчоь (29%) тIаккха Нохчийчоь (юьхьенца ма аллара 28,8%).
"Регнум" агенталло дийцарехь, 100 эзар соьмал лакхара баттахь алапа оьцуш бу Оьрсийчуьра 6 регионера белхахой. Буьйцурш бу Сахалинан а, Магаданан а мехкаш а, Ненцийн а, Ямало-Ненцийн а автономин гонаш а, Москва а, Чукотка а.