Ненан мотт нахана марзбан а иза кхион а, цунна гIортор ян а боккха болх бу дIахьош Нохчийчохь. Цунах лаьцна дIахьедар дина реапубликан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, хаам бо Sevkavportal.ru портало.
Кадыровс дийцарехь, Нохчийчохь кечйина ю нохчийн мотт а, нохчийн йоза кхион а, гIортор ян а программаш, ткъа иштта кхоьллина ю экспертийн кхеташо.
Цо билгалдаккхарехь, цу кхеташонан Iалашонех цхьаъ ю нохчийн мотт кхин дIа кхион а, цунна пропаганда ян а. Цу юкъахь бу бевзаш болу Iилманчаш а, яздархой а, журналисташ а, юкъараллин жигархой а, боху Кадыровс.