ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара Ирланде цIайогIу зуда лаьцна Дублинан аэропортехь


Ирланди -- Дублинера аэропорт
Ирланди -- Дублинера аэропорт

Бусалба дин тIеэцна "Исламан пачхьалкх" тобанах дIакхета Шема яхана, цигахь тIемало хилачу Британин махкахочуьнгахь марехь хилла Ирландин махкахо лаьцна цу пачхьалкхан коьртачу гIалин Дублинан аэропортехь.

Шема яхале хьалха Ирландин тIеман-хIаваан ницкъашкаш гIуллакх дина йолчу 38 шо долчу Смит Лайзина цуьнан 2 шо дочу йоIаца цхьаьна депортаци йира Туркойчоьно. "Дублинехь цунна дуьхьалбаьхкинера Ирландин полицин белхахой", - хаам бина цу мехкан юстицин министро Фланаган Чарлис.

Ирландин премьер-министран когаметто Ковени Саймона дIахьедар дина, RTE телерадиокомпанега, Смит цIаяло гIерташ дара Iедалш Зазадоккху-баттахь дуьйна, шайна иза мухIажирийн четарийн гIалахь хилар хиинчул тIаьхьа дуьйна аьлла.

Цо дийцарехь, коьртачу декъана церан сагатдийриг бара, Ирландин махкахо йолчу цу зудчуьн беран кхоллам. Карарчу хенахь жима йоI дIаелла Дандолк гIалахь бехачу Смит гергарчу нахе.

Iедалш леррина леян дагахь ду Смит кхин дIа хIун дийр ду бохучух сацам бале. Цу зудчо харцдо ша "Исламан пачхьалкхан" дкъашхошна юкъахь тIом бина бохург а, ша зударий-салтий Iамош хилла бохург а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG