ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Цара хьийзийна аьлла, арздина стагга а вац тхоьга»


Идрисова Барият

Набахтешна тIехьожу белхахой лецна Дагестанехь. Иза доладелира цигахь 2005-2017-чу шерашкахь хьаькам а лаьттина, Ростовхь набахтешна тIехьожуш волу Даххаев Муслим, пачхьалкхан къайленаш ястина аьлла, лацарца.

Дагестанехь дуьххьара лаьцнарг вара ХIинжа-ГIаларчу №1 изоляторан хьаькам Давыдов Дауд. Кхаъ эцарна, аьлла, вигара иза. Ши бехк тIебаьхьина цунна: «белхан бакъонех пайда а оьцуш, зулам дар», «кхаьънаш бахар». Советски кхело шина баттахь лаьцна латто магийна иза.

Кхело иза лаьцна латтор дахдарца йоьзна яржийначу информацица, Давыдовс зуламдеш гина цуьнан куьйга кIел хиллачу белхахошна. Бозбуанчаллаш лелорна №1 изоляторехь валлочу Долгатов Ахьмада дечу тоьшаллица, 300 эзар сом хьажийна цо Давыдовна –цуьнца цхьаьна хан токхуш волчу стага хьийхира шена изоляторера хьелаш аттачу дахийта и ахча хьажор, боху Долгатовс.

Талламчин информацица, Долгатовс оцу шеца цхьаьна изоляторехь валлочу стеган зудчуьнга дIахьажийна хилла Давыдовна лерина ахча. Ткъа Давыдовн адвокаташна ца лиира "Кавказ.Реалиицаа" къамел дан, дийца, кхин хIун ду цунна бехкедеш.

Набахтешкарчу белхахойх верриг а лаьцна латториг ву 8 стаг: кхаа набахтин куьйгалхо а, кхо бухгалтер а, нахтийн урхаллерчу дакъойн ши хьаькам а.

«Черновик» газето бахарехь, лецначаралахь бу №7, №4 набахтийн куьйгалхой Алибулатов Рабадан а, Магомедов Алигаджи а, №2 набахтехь хьаькам лаьттина Ахмедов ПайзуллахI а, цуьнан метта веана волу Зайнудинов Ахьмад а, Дагестанерчу набахтийн урхаллерчу буьйранчин гIовс Камалутдинов Рамазан а.

Газетан белхахошна гарехь, «Даххаевн нахах» набахтийн система цIанъярхьама, цига керла хIоттийначу куьйгалхочунна Калашников Александрна некъ шарбеш долийна ду и лецарш.

Набахтешкахь, изоляторехь бахкочу тутмакхашна белхахошка гIело цаяйтар ю шен Iалашо, дIахьедира кIира хьалха Калашниковс. Ша набахтийн белхахойн хаарш лакхадохуш ву, элира цо.

ХIинца, набахтешкара цхьацца хьаькамаш леца болийча бен ца хиина шена чохь кхобучу наханна гIелонаш еш хиллийла, бохура «Кавказ.Реалиига» Дагестанерчу набахтешна тIехьожучу юкъархойн комиссин куьйгалхочо Омаров Омара.

Цо дийцарехь, гуттар а кIезиг кхочу набахтешкара я изоляторера, етта олий, аьрзнаш, кхаьчча а, хуьлу уьш «фейк-аьрзнаш», чохь воллучун дегIа тIехь карийна дерт нисло цунна набахте а вале цхьаьнхьа дина.

«Аьрзнаш, дукха хьолехь, шайна талламчаш беттанашкахь тIе ца богIу, шайгара тоьшаллаш, дареш хеннахь ца доху, шаьш харцонца чудоьхкина, олий хуьлу. Суна хетарехь, изоляторехь йоьттийла дац, набахтехь а дац йоьттийла, …суна иза дуьххьара хезаш ду. Дагестанехь хIуъа а хаза тарло, амма со тIе ца Iоттавелла», - элира Омаровс.

Юкъархочо бахарехь, набахтийн, изоляторан белхахой леца болийча, президентан гонерчу коьрта бакъоларъярхочуьнгара кехат деара набахтешна тIехьожучу юкъараллин кхеташоне, и лецна нах муха кхобу зер доьхуш. «Оха тергоне оьцур ду хьал, толлур ду кхачанца, юкъаметтигашца, гергарнаш тутмакхашна тIебитарца дерг. Со цецваьккхина цхьана хаамо, тутмакхашна кхача тIехьуриг гергарчаьргара набахтешкахь мах боккху, боху. Оха иза толлур ду. Тхо юкъархой бен дац, делахь а тхуна хаа дезарг ду иза, амма хаанза дисина нисло-кх…», - боху Омаров Омара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG