ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Устрада-ГIалахь хийцина полисхойн хьаькам


Цакаев Алихан а, Кадыров Рамзан а, Цакаевн Instagram-агIонера скриншот
Цакаев Алихан а, Кадыров Рамзан а, Цакаевн Instagram-агIонера скриншот

Нохчийчохь хийцина Устрада-ГIалин полицин декъан хьаькам. Хьалха хиллачу Цакаев Алиханан метта хIоттийна цуьнан когаметта Хизриев Адам.

Хизриев керла хьаькам хIоттийна хилар хоуьйтуш Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхин министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан куьйгалхочо Алханов Руслана баркалла элира цу даржехь хиллачу Цакаевна, цо "хьанал а, даггара а гIуллакх дарна", хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло.

Кхушара Товбеца баттахь Устрада-ГIалан полицин хьаькам хIоттина хиллачу Цакаевс шен Instagram-агIонехь Стечкин-тапчин сурт хIоттийнера, «40 минотехь кхетош-кхиоран къамел дацдо цкъа тапчан лаг озоро, ткъа тапча цкъа когах тоьхча, даиманна а хийцало стеган кхетам», аьлла.

Ткъа хIинца и стаг, министро Алхановс бинчу хаамца, дехьавоккхуш ву кхечу кхин а жоьпаллин дарже.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG