Оьрсийчоьнан Къилбан тIеман гонан кхело терроризмана гIо дарна бехке лаьрра Нохчийчуьра вахархо Абубакаров Сослан, хаам бо "Интерфаксо" цу суьдан зорбан сервисна тIе а тевжаш.
2017-чу шарахь Германехь вехаш хиллачу цо интернетехула шена вевзаш волу ши стаг тIекIавеш хилла "Исламан пачхьалкх" тобанах дIакхетаре, дуьйцуш ду суьдан сацамехь.
Абубакаровна 2 шо ах шо хан тоьхна, юкъара раж йолчу колонехь даккха. 19 шо долу жима стаг Оьрсийчоьнан Iедалшка дIавелира Германино кхушара Марсхьокху-бутт чекхболуш.