ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Со цигахь адаман меха а ца хетара, цундела цIа веара со"


"Эхо Кавказа" редакцин материал

"Имеди" телекомпанина еллачу интервьюхь "Грузинская мечта" парти вовшахтоьхначу Иванишвили Бидзина мукIарло дина, тIейогIучу хенахь пачхьалкхера белхазаллин проблема ерзон цхьа а перспектива ца го шена аьлла. Европехь балха хIотта аттох хир ду бахархошна, церан аьттонна Iедалхоша цхьацца гIуллакхаш дан долийна аьлла хета цунна.

- Цкъа а кхечу пачхьалкхе дIадаха коьрте деаний шуна?

Георгий, 47 шо: "Ойла ярал совнах, со ваьхна цхьана хенахь Европехь. ХIунда дIабаха безаш бу нах? Пайден дацара, бахархоша кхузахь къа а хьоьгуш, шайн мохк кхиош хилча? Со Европехь адаман меха а ца хетара, цундела цIа веара со. Хилийта сан алапа лахара, амма сан дахар адамийн санна ма ду кхузахь.

Кетеван, 19 шо: Цкъа а ойла хилла яц сан. Со гуьржи ю, гуьржи хилла лийр а ю.

Абгарян Элла, 29 шо: ТIейогIучу хенахь дIаяха дагахь-м ю со. Канаде я Испани ойла лаьтта сан. Цкъа хьалха турист санна цига яхна, хьал муха ду талла йоллу со, муха ду цигара дахар сайна хууш хилийта. Керла зеделларг оьшу суна. Суна хаьа, Испанехь болх каро хIумма а атта хир дац, нагахь церан мотт хууш а яцахь, гIала а ца йовзахь…Амма бакъду, цигахь яха лууш-м яра со.

Изольда, 65 шо: Цкъа а дагадеана а дац, я гIур а яцара. Гуьржийчохь а йиш ю паргIат ваха. Сайн доьзалхочун езачух машен хир яра, сан доьзал даккхийчу цIеношкхаь бехар бара аьлла, цкъа а дIагIур яцара со.

Шен цIе ца йовзийтина зуда: Со мича дIагIур яра боху ахь, йоI? Ас муха хуьйцур бара сайн мохк кхечуьнца?

Никола, 20 шо: Франци дIавахна, цу махкахь ваха виса Iалашо ю сан. ХIунда аьлча, цигахь гIоле ду, пачхьалкх а дика ю. Бакъдерг аьлча, Гуьржийчоь дика мохк ца хета суна. Адам собаре дац кхузахь.Ткъа Франци – Европан юкъ ю, Гуьржийчоьнал а кхиаме ю иза.

Торнике, 21 шо: Со хилла вац дозанал а арахьарчу пачхьалкхашкахь. Кхузарчу хьоло цхьана а кепара проблемаш ца йо суна, цундела сайн махкара дIаваха дагадеана а дац суна.

Шен цIе ца йовзийтина йоI: Со яц дIаяха дагахь. Бакъду, суна бевза дуккха а дIа-м бахна.

Мариам, 19 шо: ТIейогIучу заманчохь дIаяха тарло со. Европе я Iамерке яха ойланаш ю сан, делахь а, кхин къаьстина дац билггал стенга гIур ю. Со кхета, цигахь дуккха а перспективаш ю. Карьера ян а таро ю, кхидолчунна тIехь а токхе ду цигара дахар. Цигахь деша а дешна, жимма хан яккха лууш яра со, корматалла кIаргъян. ТIаккха цул тIаьхьа юхайогIур яра со. Бакъду, цигахь йиса там бара со, айса сайга ала а кхоьру со.

Кобахидзе Отар, 27 шо: Дера ойланаш дукха йина ас, кхузахь бан болх цахиларна. Амма бакъду, гуттаренна а Гуьржийчоь дIатаса лаам бац сан. Нагахь санна, дIаводахь а, цхьана кхаа-деа шарна гIур вара со. Жимма болх бина, ахча а гулдина, цунах кхузахь цхьа дезар дан.

Гугулашвили Сосо, 21 шо: Цкъачунна ойла яц сан. Хено хIун гойтур ду ца хаьа, амма дегайовхо ю сан, цхьанхьа а дIаваха оьшур дац аьлла.

Шен цIе ца яьккхина зуда: Цкъа а дагатесна дац суна дIаяха. Амма бакъду, дуьненна го тасар дезаш ю со. Керла пачхьалкх ган сайн аьтто хилча, хазахетарца дIайоьду со. ХIораннан а ишта таро хила луур дара суна – кхечу къаьмнийн култура а, архитектура а йовза, масала, эр вай, Парижан…

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG