ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шема: Баккхийчийн бехкаш бераша токху


please wait

No media source currently available

0:00 0:03:27 0:00
Линкана тIе


"Кавказ.Реалии" порталан авторан Загидова Марьяман материал

Шема тIамтIе бахначийн наноша Путин Владимире шайн берийн бераш цIадерзадар доьху

Шайн доьзалш а, церан бераш а Шемара цIа балор доьхуш, Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире яздинчу кехатна буха куьйгаш яздина 200 сов нанас. Бу царлахь Нохчийчуьра а, Дагестанера а, Кхарачойн-Чергазийчуьра а, Астраханан кIоштара а, Екатеринбургера а, Москвара а, ишта кхечу регионашкара а зударий.

"Лараме Владимир Владимирович, цIийндайша бохучух тешна, шайн хьекъал ца тоьана, кхечу пачхьалкхашка дIабахначу къоначу зударийн наной ду тхо. Шайн дайшкара, нанойшкара дийличунна гунахь доцчу, баккхийчийн бехкаш токхучу кегийчу берийн денаной, ненананой ду тхо ишта", - аьлла, долийначу кехатан копи "Кавказ.Реалиин" редакцин долахь ю.

"Гечдан йиш йоцург" шайн доьзалшкара даьллийла хаьа царна, делахь а, чIагIо йо цара, даймахкана а, халкъана а хьалха цхьана кепара шайн бехкех уьш цIанбала гIуртур бу аьлла.

"ХIаъ, тхо бехке ду тхешан доьзалшкара даьллачунна. Тхо, церан гергара нах, дукха Iийра хилларг хIун ду ца хууш. СадаIа, деша, дуьнене бIаьргтоха доьлху аьлла, арадевлла тхайн бераш Оьрсийчохь йихкинчу террорхойн организацех дIакхетар ду аьлла, дага а ца деанера тхуна", - бохуш, яздо наноша.

ХIоьттинчу хьолана баккхийнаш бу бехке, аьлла ю церан дог-ойла. "Берийн бехк бац, делахь а, боллу бала шайна такха бисина царна. ХIаллакхуьлуш ю церан бералла, могушалла, доллу дахар а. Дукхахдолу бераш нанойх къастийна ду, цундела денна доьлхуш, сатийсамехь ду уьш", - яздо наноша.

"Цхьана а хIумана бехкедоцу" шайн берийн бераш цIадерзадахьара бохуш, дехарш до бахархоша. "Гергарчу Малхбалера тхан бераш а, церан доьзалш а даймахка берзо гIо дахьара ахь", - доьху наноша.

Кехатна куьгъяздинчу Батырсултанова Хьавас "Кавказ.Реалиига" дийцарехь, Шемахь кIант а, нус а хилла цуьнан. "ТIаьххьара цигахь хиллачу тIемашкахь дийна сан кIант а, цуьнан хIусамнана а. Диъ шо долу кIентан йоI Амира йисина дийна. Цигахь дуьненчу яьлла ю иза. "Ал-Хол" олучу мухIажирийн куьпахь ю иза. Оха орца ца доьхуш меттиг бисина а бац, ур-атталла, ЦIечу жIаре а девллера тхо. БIаьрса дац сан, 1-чу группан заьIапхо ю со. 19 шо хьалха кIант дуьненчу волучу заманчохь дуьйна доллу бIаьрса дайна ю со", бохуш, далхадо зудчо.

Хьавас дийцарехь, дукханхьа кехаташ яздина цуьнан вашас. Амира могуш а, дийна а юй а хаьа шайна боху цо. "Цхьа зуда ю сан кIентан йоIе хьожуш, цуьнан дола деш. Ши де хьалха хиллачу хаамца, йовха четарш а, чохь вуьжу галеш а хIинца а делла дац царна, ткъа буьйсанаш шийла хьулу", - синош дохуш дуьйцу денанас.

Баймуратова Аминатан нус а, кIентан кхо бер а ду "Ал-Хол" куьпахь. "20I6-чу шарахь вийна сан кIант. 12, 6, 4 шераш ду цуьнан дисинчу берийн. Шелъелла цигахь, мохо этIийна четарш, тIеюха йовха бедарш а яц. Оха чIогIа сагатдо, къаьсттина кегийчу берашна", - дийцина цо а.

Путине яздинчу кехатна куьйгъяздинчу, шен цIе йовзийта ца лиъначу Дагестанерчу яхархочо бахарехь, Шемахь цуьнан кIант а, нус а, церан кхо доьзалхо а ву.

"Цхьана бац уьш. КIант набахтехь ву, нус берашца "Ал-Хол" куьпахь ю. 2018-чу шарахь цIа бахка гIоьртинера уьш, амма аьтто ца белира церан. "ЦIечу жIарехула" карийра тхуна уьш болу меттиг. Вовшащца зIенаш ю тхан, Шемахь болчийн нанойн, хIораммо а шега кхаьчначу информацица дакъадо вовшашца", - аьлла, билгалдаьккхина зудчо.

ХIун Iалашо йолуш пайда оьцу аш Facebook санна болчу социалан машанех?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG