ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Уйгураш ларбарх низаман проект къобалйина Конгрессан векалийн чоьно


Бакъонашларъярхоша "Кхеторан лагерь" олу Синцзянера "Дешаран центр"

Iамеркан Конгрессан векалийн чоьнан декъашхоша, цхьаъ виссалц массо а массо реза а болуш, шинарийн дийнахь низаман проект тIеэцна, Китайхь бусалба нахана гIело ярна Пекинна Iаткъамбар алсамдаккха президентан Трампан администраци декхарелахь еш.

"Уйгерех лаьцна" низам – кхин а къоршаме верси ю, Пекинна ца тайначу, Гезгмашин-баттахь Сенато тIеэцначу низаман проектан.

Низамо кхайкхам бо Трамп Доналде Синьцзян-Уйгурийн автономин кIоштахь бусалба нахана дуьхьал репрессеш лелорна жоьпаллехь болчу Китайн Коммунистийн партин политбюрон декъашхошна санкцеш кхайкхоре.

Низаман проект тIеэцарехьа кхаж тесна 407 конгрессмено, дуьхьал хилла цхьаъ. Цу низамца президенто емал дан дезаш ду бусалбанашна дуьхьал репрессеш лелор, ткъа иштта кхайкхам бан беза Пекине Синьцзянехь кхоьллина лецна уйгураш латтон центарш дIакъовла аьлла.

Низамца а догIуш, санкцеш кхайкхо езаш ю репрессеш лелорна жоьпаллехь болчу лаккхарчу даржашкахь болчу Китайн Iедалхошна. Документехь йоккхуш ю Синьцзянехь Коммунистийн партийн секретар а, КПК политбюрон декъашхо а волчу Цюанго Ченан цIе. И стаг ву Китайн Iедалан лаккхарчу эшоланашна юкъахь.

ХIинца и низаман проект юха а тIеэца езаш бу сенаторш, цул тIаьхьа иза тIе куьгтаIо дIалур ю президенте. КIайн ЦIийнан цу низаман проектах лаьцна официалан позици цкъачунна хууш яц.

Хьажа комменташка

XS
SM
MD
LG