ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Suddeutsche Zeitung: Германера арабоху оьрсийн дипломаташ бу Оьрсийчоьнан арахьарчу талламан агенташ


Германи -- Оьрсийчоьнан векалла, Берлин
Германи -- Оьрсийчоьнан векалла, Берлин

Германино махкара аравоккху оьрсийн ши дипломат ву Оьрсийчоьнан арахьарчу талламан сервисан ши агент. Цунах лаьцна яздо Suddeutsche Zeitung газето, Iедалерчу хьасташна тIе а тевжаш.

Болчу хаамца, Оьрсийчоьнан векалаллан белхахой шайн статусца доцург лело агенташ хилар хьокъехь шеко кхоллаеллира кхушара Марсхьокху-баттахь Берлинехь Хангошвили Зелимха вийначул тIаьхьа.

Хьалхо зорбанан гIирсаш яздира, Хангошвилина тIелатар дарна лаьцна волу Красиков Вадим цIе йолу зуламхо воьзна хила мега Оьрсийчоьнан лерринчу сервисашца аьлла.

Германин канцлеро Меркелль Ангелас кхеторехь, Оьрсийчоьнан дипломаташ арабохуш бу Хангошвили вер толлуш кхачам боллуш гIо ца дарна. Цунах лаьцна цо дIахьедар дина Лондонехь НАТО-н саммитехь. Цо дийцарехь, иза дагахь ю тIедогIучу кIиранах Оьрсийчоьнан президентаца цхьаьнакхетта и хаттар дийцаре дан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG