ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ларде Iалам (берашна)


Iаламат маса кхуьуш го дуьненчохь техникан прогресс. ХIоранна а чохь шиъ-кхоъ компьютер ю тахана, ткъа интернетера цхьа информаци эшахь, цу чуьра иза схьаэца а ма оьшу дуккха а кехат. Ткъа хьаннаш ца хьаькхча аьтто бац кехат дан.

Иштта хIора а аьлча санна, хIусамехь шиъ-кхоъ машен ю лелош. Соьлжа-гIалин некъаш тIера хьал тергалдича, ванах, адамел а дукхох ю-кх машенаш олий, ойла кхоллало хьан. Хууш делара царна массарна а, оцу технико ягочу коьчаллийн кIур вуно зуламе буйла адамна а, Iаламна а. Дийцарехь, хIора шарахь 150 сов тонн дIовш даржадо цара.

Ши шо хьалха интернетехь дийшира ас, Францин коьртачу гIалин Парижан мэро низам юкъадаккха сацамбина, шайн гIалахь Iаламан тIаламбан Iалашонца аьлла. Цуьнца а догIуш, ткъех шераш хьалха арахецна машенаш а, мотоциклаш а белхан деношкахь Iуьйранна сарралц Парижан некъашкахула хехкар доьхкуш дара. Оцу низамца бехделлачу хIавао бахархошлахь даржон лазарш мел а лахдийр ду аьлла, хьесап динера Iедалхоша.

Исбаьхьа Iалам
Исбаьхьа Iалам

Ткъа вайн пачхьалкхех дерг аьлча, халахеташ делахь а, боьха хIаваъ бахьана долуш алсам баларш хуьлучу итт пачхьалкхашлахь ю Оьрсийчоь, аьлла, дIакхайкхийра дуьненчуьрчу Iаламна тIехь терго латточу Iилманчаша.

Роспотребнадзоро бинчу талламашца, хIора шарахь Оьрсийчохь мел лахара а 5 эзар стаг ву леш боьхачу Iаламах зулам даьлла.

Ванах, вуй-те хьаькамашлахь Iаламна сагатдеш стагга а? Доьзалера дуьйна, берийн бошмашкара, школашкахра схьа бан безаш болх ма бара хIара. Жимчохь дуьйна баккхийчара хьеха дезара тIекхуьучу тхуна, синтарш кегдан мегар дац, хIунда аьлча, юха ден а делла, кхиа дуккха а шераш оьшу царна. Мегар дац дийнатийн баннаш дохо а, сагалматаш хIаллакъян а, нехаш мич-мичахь а охьатийса а бохуш, хьехарш дан догIура воккхачо, дас, нанас. Жимчохь дина хьехар гуттаренна а дагчохь дуьсу, цул совнах, массо а хIумане безам а жимчохь дуьйна кхиош бу.

Аьхка школера дIахецча юьртахь йоккху ас дукхахйолу хан. Юьртарчу берашца цхьана хьаннашкахула лела тхо, ирзеш толлуш. Дуккха а адамна садаIа томехь йолчу меттигашна тIеIиттало тхо. Амма бIаьрг боду: нехех, шишанех йоьттина хуьлу-кх уьш.

Шена тIаьхьа цIано а ца еш, дерриг а тесна а дуьтий дIабоьлху цхьаберш. Мел дукха нехаш хуьлу хишна, Iаьмнашна, хIордашна тIехула нека деш. Даккхий зенаш до цара чIерашна а, хи тIехула лелачу гIезашна а, бедашна а. Цуьнан ойла еш ца хуьлу тахана ур-атталла воккханиг а...

Школехь хьеха йолийна экологин дисциплина. Iаламат оьшуш, пайден ю аьлла хета суна цуьнан урокаш. Тхуна дуьйцу хьехархочо гонахарчу Iаламах лаьцна, хIаваъ муха Iалашдан деза, лара деза, цуьнан хама ца бар бахьана долуш, мел даккхий зенаш хуьлу адамашна а, шена Iаламна а бохуш.

Йовхачу хенахь баттахь цкъа-шозза субботнике арадовлу тхо йоллу классаца школан го а, цунна тIе боьду некъ а цхьана цIанбо оха. Къаьсттина новкъадогIу суна, лаьттахь Iуьллуш пластикан шиша гича. Массарна а хууш ма ду, пластик яхка ца лой а, еххачу хенахь лаьтта тIехь ша ма ярра иза юьсуш юйла а. Ца кхета со, ша хи я мутта мелла ваьллачул тIаьхьа, Iаламан пусар ца деш, муха кхусур ду иза адамийн когаш кIел?! Массо а Соьлжа-гIалин урамашкахь а, нах дIасалелачу меттигашкахь а хIиттийна нехаш кхуьйсу урнаш ма ю.

Индустрин заводаша туьйсучу кIуро а бехдо Iалам
Индустрин заводаша туьйсучу кIуро а бехдо Iалам

Кхин цхьа хIума а эр дара ас, къаьсттина баккхийчарна тIехь ду жоьпалла аьлла хета суна. Масала, хьуьнхахь самукъадаккха гулло уьш, цIераш летош, шашлыкаш йоттуш, чIерий лоьцуш.

Шаьш дIасадовлучу хенахь, кхачам боллуш йогу цIераш дIа ца йойу цара, шайна тIаьхьа нехаш юьту, пластикан а, ангалин а шишанаш, бухадисинчу ялтийн а цхьана пусар ца до.

Со теша, билггал Iалам дезачу адамо доладийр ду гонахарчу дуьненан, шен чохь цIенкъа юккъе кехат кхусур доцчо, арахь а ларйийр ю цIано. Цхьаммо кхоамза нехаш юхкуш гахь, я шиша дIаласточу хенахь цо бехк боккхур бу, хьехар дийр ду, иштаниг мегар дац аьлла, жил-Iалам лардар хIораннан а декхар дуй а хоуьйтуш.

Дуккха а дика, оьзда, пайден гIиллакхаш, ламасташ долуш, бийца турпалхой болуш къам ду вай, амма ойла ца еш къам а ду аьлла, тIетухур дара ас.

Зуламечу газах дуьне дуьзна хилча, вай са муха доIур ду? Хиш бехдича - мала хи доцуш ма дуьсу вай! Хьаннаш а хIаллакйича, сагалматаш а яйича, кхин дIа муха даха дохку вай? Тахана вайна а, кханалерачу вешан тIаьхьенан дуьхьа вай Iалашдан деза дуьне а, Iалам а, вешан мохк а.

Дуьненчуьрчу Iилманчаша чIагIдо, тIемашкахьчул а дукха нах экологи ледара хиларан бахьанашца леш хилар. ХIаваъ боьха хиларо гучудоху боху цара адамашлахь дагца а, садаIарца а, онкологица долу а лазарш.

Цуьнан ойла а яй, ларде вай Iалам? ТIаккха Iалам вайца а хила тарло къинхетаме.

ХIун Iалашо йолуш пайда оьцу аш Facebook санна болчу социалан машанех?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG