ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьост: Хангошвили бекхам беш вийна хила мега Оьрсийчоьнан лерринчу сервисаша


Кхушара Марсхьокху-баттахь Берлинехь вийна Хангошвили Зелимха дакъалаьцна хилла ву цхьамогIа Оьрсийчохь динчу тIелетаршкахь, яздо Кавказ.Реалиино "Интерфаксана" тIе а тевжаш.

Дийцарехь, Хангошвили ГIалгIайчохь динчу тIелетаршна юкъахь хилла аьлла шеко йолуш цуьнан гIуллакх лелош яра цу республикера экстремизмаца къийсам латторан центр ("Э"центр).

Хангошвилис дакъалоцуш 2004-чу шарахь динчу цхьана тIелатарехь вийнера ФСБ-н "Вымпел" тобанан кхо декъашхо. Цундела бекхам беш Оьрсийчоьнан лерринчу сервисаша вийна иза боху верси уггар хила мегачерах ю, аьлла Кавказ.Реалиига Германерчу нохчийн диаспорерчу хьастано.

"Басаевн тобанера "Вымпелна" тIелатар дина лоруш болу дуккха а декъашхой байина тайп-тайпана пачхьалкхашкахь. Иштта Зелимха а вийна цара", - аьлла цу стага.

Дагадоуьйту Германино махкара оьрсийн ши дипломат араваьккхина хилар Оьрсийчоьнан арахьарчу талламан сервисан агент ву аьлла. Болчу хаамца, Оьрсийчоьнан векалаллан белхахой шайн статусца доцург лело агенташ хилар хьокъехь шеко кхоллаеллира кхушара Марсхьокху-баттахь Берлинехь Хангошвили Зелимха вийначул тIаьхьа.

Хьалхо зорбанан гIирсаш яздира, Хангошвилина тIелатар дарна лаьцна волу Красиков Вадим цIе йолу зуламхо воьзна хила мега Оьрсийчоьнан лерринчу сервисашца аьлла.

Германин канцлеро Меркелль Ангелас кхеторехь, Оьрсийчоьнан дипломаташ арабохуш бу Хангошвили вер толлуш кхачам боллуш гIо ца дарна. Цунах лаьцна цо дIахьедар дина Лондонехь НАТО-н саммитехь. Цо дийцарехь, иза дагахь ю тIедогIучу кIиранах Оьрсийчоьнан президентаца цхьаьнакхетта и хаттар дийцаре дан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG