ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу бахархошка лулахошна айкхбовларе кхайкхина пачхьалкхан телеканало


ЧГТРК "Грозный" телеканало шен Instagram-хь кхайкхам бина республикерчу бахархошка, мехах петарш лаьцначу наха низамаш дохор хьокъехь хаам бе шайга аьлла, яздо Кавказ.Реалиино.

"Дехар ду, де-буьйса даккха петарш лаьцначу бахархоша юкъараллин къепе йохийна меттиг хаалахь а, маларш молуш а, буьйсанна гIовгIа еш а хилахь а, кхин долу низам талхош долу хIума хаалахь а, ткъа иштта цу тайпачу петарийн долахойх лаьцна а хаам бан", - кхайкхам бина телеканало.

Цу хьокъехь яздан мегар ду боху телеканалан кхайкхаман авторша комментарешкахь я Instagram-чу агIонехь къайлаха шайгга.

Хьалхо Соьлж-ГIалин мэро Закриев ИбраьхIима дIакхайкхийра, мехах де-буьйса даккха петарш лучу нахаца шаьш къийсам болош хиларх лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG