ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Bild: Берлинехь Хангошвили вер бекхам хила мега Кадыровс шен да верна дуьхьал бина болу  


Гуьржийчоь, Тбилиси -- Германин векалаллана хьалха Хангошвили Зелимхин сурташ лаьцна лаьтташ бу цуьнан беза-бевзарш
Гуьржийчоь, Тбилиси -- Германин векалаллана хьалха Хангошвили Зелимхин сурташ лаьцна лаьтташ бу цуьнан беза-бевзарш

Оьрсийчоьнан а, Германин а юкъаметтигаш талхийначу политикан бух тIехь стаг верца йоьзначу шпионийн детективехь керла лар ю Нохчийчу йоьдуш йолу, яздо немцойн Bild газето, хаам бо Кавказ.Реалиино, "Эхо Кавказана" те а тевжаш.

Хангошвили Зелимха вийра Мархьокху-беттан 23-хь, Кадыров Рамзанан да Кадыров Ахьмад виначу дийнахь, билгалдоккху газето. И вер шена тIелецира Басаев Шемила, ткъа цуьнан тобанехь тIом беш вара Хангошвили.

Цу кепара шеко кхоллаелла немцойн журналистийн 15 шо даьллачул тIаьхьа Кадыровс Хангошвили Берлинехь вийна хила мега аьлла.

Bild газето дийцарехь, карарчу хенахь лерринчу сервисийн белхахой къастош бу Кадыровс я ГРУ олучу Оьрсийчоьнан тIеман талламан сервисо кхин нах бахийтина хила мега эмиграцехь беха кхин болу нохчийн гIаттамхой байа бохург.

Оццу хенахь, Путинна а ца хууш, цуьнан ялхочо Кадыровс Берлинан центрехь тIелатар кечдина ала хала ду, боху Чехерчу European Values аналитикан центран директоро Янда Якуба, билгалдоккху Кавказ.Реалиино.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG